Кху деношкахь, Нохчийчуьра шина доьзале боккха сингаттам беъна. Ши доттагI, вийна, герз диттина. Бахьан-гIалахь, цхьана кхечу жимачу стагца дар-дацара иккхина. Теш хиллачу наха дийцарехь, цхьана кхачанчоьнехь, дов даьлча, арахь баста ца луш, куьйге ца боьлхуш, кхин дIа а даьхьна цара иза. Цхьанна каяьлла, машенца, билгалаяьккхинчу метте тIевеанчу шинна герз а диттина и шиъ вен.
Куьйга бехке верг мила ву а, цо вийна шиъ мила ву а дуьйцура дац. Кхин башхалла а яц цуьнан. ХIинца, баккхий нах, арабевла и гIуллакх дерзо. Амма, хала хира ду иза дан. ОьгIазло дIаера а яц. Иштта хиллачу хIуманна, юккъе Iедал хIоьттича а, дехха шераш оьшу, иза дижо а, чов ерзо а.
Ишттачу хьолехь, коьртаниг кхин ду. Меллалца бойура бу нохчаша вовшех? Меллалца кхобура ю, вовшашца чIир? Хьанал хьан дина, хьо санна волчуьнна дахар а цIий а? Наха тидам а бо, емал а до иштта хIума, амма, шена тIеIоттаделча, юха ца волу. Олу, нохчашна оьшу а бац цхьа тIом. Даг чу йоьссинчу куралло а дойура ду вовшех, бохуш халахетарца билгалдоккху Соьлжа-гIалара вахархочо, ша а Iедалан белхахо волчу Акаев Висхана.
Акаев: «Оцу хиллачу хьолах лаьцна аьлча, дуккха а дара дийца. Царна юккъахь хилларг а, вовшех цхьаъ аьллий, юха аьллий бен дац. Цхьаъ мелла хилла боху. ТIаьхьо дуьйцура ду вай аьлла дIаса а къаьстина, юха вовшех кхетча, цо герз диттина вийна и шиъ. Ницкъаллийн стурктурера белхахочуьнна цхьанна а агIора бакъо яц шеца герз цIа дахь. Балхахь дита дезаш ду цо иза. Вай низамхой цхьанахь буьгий, кхечанхьа буьгий, бохуш хIуманаш дуьйцуш ду. Вай-м дац цхьанна дуьгучохь. Кхузахь, цIахь а леш ду вай шортта. Некъан бохамашкахь мел дукха леш бу. Нохчийн сонталла ю-кх, кхин хIумма а яц-кх».
«Цхьа стаг вера, дерриге а дуьне хIаллак дича санна ду»,-бохург, Дезчу йозанаш тIехь ма дийцара хетачух тера дац нохчашна. Тамашийна дерг ду, хIора юьртахь, гIаланашкахь а, даккхий маьждигаш а долуш, цу чохь, ша верриг аьлча санна, Далла Iамал а еш, схьавогIуш а волуш, и къизалла мичара йолу хууш дац. Доккха хIума ду иштта атта вовшех тIе куьг дахьар, бохуш халахетарца билгалдоккху Соьлжа-гIалара вахархочо Сангареев Хьасана.
Сангареев: «Деллахь ма доккха хIума ду-кх хIара. Нохчий бойучура совцура болуш буй теша? Жима хIума-м дац хIара, ойла йича».
Жигара тIемаш дIа а девла, маьрша дахаре къам дирзича а, тахана хьестош а, кхиош а ю, нохчашна юккъахь, къаьстина кегийчу нахана, «буьрсалла а, сонталла а». ШолгIа меттиг йоккхучулла, Iожалла дика ю», боху дешнаш хIинца а маьIне ду. Моттало, нохчий Дала дуьне чу кхоьллина, цхьа жимма иза даа а диина, марза лучу хенахь, ша санна волчуьнан, я кхечуьнан куьйгах валар. Къан а велла, тахана веллачу нохчочуьнах хьега мегар ду, дахар олуш йолу хаза «кино» чекхаяьллалца иза хьаьжна аьлла.