ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къуйн якъо цкъа а ца хIутту


Шимма болх а беш, охьадуьллу ахча висинчу шина доьзалхочо лечкъадеш хилча, мел рицкъ дуьсур ду доьзалехь? Хаттар, лойла а доцуш, деса хетало! Иштта эрна бу къинхьегам сила долчу халкъан, баьлла пайда оцу халкъах боьллачу къолахоша шайн кисана берзош белахь.

Пачхьалкхан хьукхмат-урхаллашкахь, доьшийлашкахь, юьртабахамашкахь, муьлххачу а Iедалан цхьаьнакхетараллехь балхахь болчара даре дарца, цкъа а хилла дац Нохчийчохь тахана санна, леррина цхьа ант даккха, гIалат-ледарло каро гIертачух тера, сих-сиха коммисеш а лесташ зераш дар, кхин дIоггара белхан балакхачар а доцуш, кехаташ таллар,цхьа элп а гал хилча, и деста а деш, «генадаккхар».

Iедалхоша кхеторца нийсонан,бакъонан бух тIехь болх тобарна, лакхарчу тIегIа баккхарна тIехьажийна ду зер-талламаш марсадахар. Къаьсттина цу «цIийнах хьовсарша» тидам тергоне эцна дарбанан цIийнаш а, доьшийлаш а, бахархойн хьашт дезарш луьсту, берийн цIийнаш биста кхаччалц, цхьацца социалан урхаллаш а.

Доцца аьлча карарчу хенахь хьехархоша а, лоьраша а, кхечу социалан белхоша а лакха хьакъ ду вайнехан фольклорера хIара эшар:» ЦIала-цIула цIен кIархаш, денна йогIу пачхьалкхаш, дала дайа шу амал, аш дайина тхан амал».

Балхахь болчара а, боцчара а тамаше а хеташ кхеториг кхин ду, харцо, хьарамлонаш ца лелаяйта, дела цIарца тIетаьIIина дIахьуш зераш доллушехь, куьйгана цIена ца хиллачунна тIебазбеллий лаьтташ кхерам боллушехь, бутт-батте мел болу а дебахь бен лахлуш дац хьарамлонийн бух тIехь деш долу зуламаш.

Официалан хааме дохучу терахьаша ма-гайттара цу декъехь къаьсттина каде хьийзаш бу Iедалан гIуллакхехь болу хьаькамаш. Иштачех цхьанна «Горлифт урхаллин» директорна дуьхьал долийна бехктокхаман гIуллакх, нийса а лерина, кхеле хьажийна мехкан прокуратуро.

Талламхоша чIагIдарца, цо федералан ял гульечу урхалле харц кехат-гайтамаш а кхачош, Iедалан бохчина 7 миллион сом гергга эшам бина. Талламхоша гулдинчу тоьшаллашца шена пайденна и хьарамлонаш цу хьаькамо лелийна 2012-2013 –чуй шерашкахь. И зулам цо шеггара дина я цуьнан кхин накъост-хьехамча хилла ца хилла хууш дац.

Шех тешийна Iедала гIишло-хIусамаш хайра доцуш «дIасаекъарна» бехктокхаман гIуллакх а долийна жоьпе ийзош ву ГУНПП «Промавтоматика» урхаллин инарла директор а.

И бехкевеш ву, барт беш хIоттийна кехат а доцуш, Iедалан хIусмаш маьхаза лело йохкаэцархошка дIаялар. Низамхоша билгалдаккхарца цу кепара «Промавтоматикана» 4.5 миллион сов зе дина директоро.

ХIинца талламхоша ахкаме дехкина и зулам даран бахьанаш а, хьелаш а муха хила тарло боху хеттарш.

Кхо шо хьалха дина зулам-къола гIара а даьлла, жоьпе озийна Шелковск кIоштера хьалха маьхькIамхо лаьттина 63 шо долу вахархо а. Цуьнга кховдийначу бехкаца, цо зуламе пайдаэцна шен даржах. 2012–чу шарахь Шелковск кIоштан администрацехь, отдел култури олучу оьздангаллин декъан хьаькам лаьттинчу Салгириев Исрапила Сары-Су эвлахь Оьздаллин цIа тодина хиларан акт тIе куьг яздина, и белхаш бинчу хьукмата чоьте тIе 25 миллион ахча доккхуш.

Талламхоша юьхьарлаьцначу шеконца, и кIелдIашхула барт а бина, совнаха цо догIу ахча тIеяздеш дина зулам ду. Царна хетарехь, ишта маша а боьзна, Iедалан лачкъийнарг ду лаххаре а 9 миллион сов ахча. Прокуратуран хьостано хааме даккхарца Салгириевн Исрапилан дов Шелковск кIоштан кхеле дIахьажийна.

Лакхахь дагардина зуламаш санна, кхузахь Iедалехь болчара кIоршаме низамаш талхор дебахь бен кхачалур долчух тера дац схьагучу суьртехь.

Бакъду могIарерчу бахархоша а,белхоша а йоккхачу шеконца тIеоьцу,юккъерчу тIегIан хьаькамаша, шайл лакхарчу куьйгалхошца дага а ца бовлуш,царна хууш хIума а доцуш, шайн киснаш дузу хIуьттур бара бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG