Кхаарийдийнахь Парижна уллерчу Сен-Дени гIалахь хиллачу тIематасадаларехь полисхоша дийначу шиннах, зудчуххий, боршачу стагаххий, шолгIаниг хилла кIира гергга хьалха терроран тохарш дан зуламхой арабаьхна волу 28 шо кхаьчна белгийхо Iабделхьамид IабайIуд, хаамбина Парижан прокуроро Молен Франсуас.
Каронза вуьсуш ву террорхойх кхин а массех, шайлахь Iабдесалам Салахь, Клейн Фабиан а волуш. Зуламаш дарца гIарабевлларш берраш а Iаьрбий бу, цхьа Клейн воцург.
Терроран тохарш динчу дийнахь президента Олланд Франсуас кхайкхийна кхерамзаллин раж кхаа баттана дIаяхйина Францин парламенто.
Премьер-министра Вальс Манюэла хаамбина, тероран тохарш кхин а дан тарло, уьш деш зуламхоша биологин а, химин а герзах пайдаэца а сахьт дац, аьлла. Цо дехна Евробертан мехкашка авиапассажирех йолу информаци юкъарчу базе яккхар.