ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюссел кхерама кIел ю, Париж а санна


Брюссел Парижехь динарш санначу терроран тохарийн кхерама кIел ю, иза билггалчу информацин буха тIехь боху ша, аьлла Белгин премьер-министро Мишел Шарла. Шоьтадийнахь элира цо иза, Парижехь 130 стаг а вуьйш, бIеннашна чевнаш а еш дина талораш дага а лоцуш.

Парижехь дина зуламаш шайна тIеэцначу “Исламан Пачхьалкх” олучу тобанашца зIенашкахь Iачу наха шайн шахьаран массех меттехь лелхийтарш дан тарло, хаамбина Шарла. Кхерамзалла чIагIъеш, метро, кхийолу аьчканекъан транспорт сацийна Брюсселехь, бахархошка дехна Iедало хьашт доцуш цIера ца бийлар.

“Доха ца оьшу, амма лардала деза, Iедало дерриг до кхерамзалла чIагIъеш,” – бохура Белгин премьер-министро. Парижехь талораш гIитторна бехке лору АбаIуд Iабделхьалим Мароккера схьаваьлла Белгин вахархо вара, циггара ву лохуш волу цуьнан накъост Iабдесалам Салахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG