ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву нохчаша къаьркъа ца мийларна "бехке"?


Нохчийчоь --Хинйистехь малар молуш тоба, 2014
Нохчийчоь --Хинйистехь малар молуш тоба, 2014

Кадыров Рамзана рогIера хастам баржийна интернетехь ша куьйгалла дечу Iедална. Нохчийчоь Оьрсийчохь уггаре кIезиг маларш муьйлу мохк а бу, иза ша олалла латточу махкарчу хьакамийн а, Iеламчийн а толам а бу, боху цо.

Ерриг а Оьрсийчоьнах дегалазам кест-кеста къадош волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хазахетарца хаамбо, вайнах хьовха, ерриг а Оьрсийчуьра халкъаш букътухуш ду къаьркъанна, бохуш.

“Маларца йоцу Оьрсийчоь” проекто а, Информацин коммуникацийн центро а бинчу талламна тIе а тевжина ду Нохчийчоь уггаре кIезиг къаьркъа молу мохк бу алар.

Иза иштта хила а догIу, иштта долучух тера а ду. Амма Кадыровна хетарехь, ийманехь совдаларна, маларх шашах къаьхкина а дац нохчий къам. Иза цунах даьккхинарг, ша Кадыров а ву, цуьнан куьйгакIелхьара Iедалхой а, молланаш а бу.

Маршо Радионо Нохчийчоьнан цхьацца маьIигашкарчу нахе хаьттира, стенна ца молу нохчийн дукхахболчу божарша къаьркъа.

Веданан кIоштан ДаьргIахь вехачу Руслана ишта кхетадо хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь хьалхарчу меттигехь хилар.

Руслан: «Миллион процент тешам ло-кх ас, Нохчийчоь 1-чу меттехь ю аьлла. И хIунда ду хьуна аьлча. Масала, хьагвелча аьхкентIехь, пиван къурд бан ойла хуьлу хьан, воьдий цхьа шиша а оьций, иза а молий, кхин маларш ца лоьху ахь.

ХIинца, йоьллуьйтуш туька а яц, цундела инзаре дукха наркоманаш баьржина Нохчийчохь, молханаш тIе а хевшина Iаш бу. Эцца шен пиван шиша а эцна, хьайн цIа а веана, охьавуьжур волу, хIинца эца карош дац хьуна Веданан кIоштахь. Шелахь духкуш ду, Чечанахь а ду, массанхьа а ду. И нах хьера а баьхна, и кегийнах молханаштIе ховшийна".

Сирж-Эвларчу вахархочо Салмана а бакъдо Нохчийчохь маларш мийлар лахдалар, амма десташ ду аьлла хета цунна цхьацца кепарчу молханашца пайда оьцучу кегийрхойн терахь.

Салман: Бакъдерг аьлча, 90-95 процент ала мегар ду, дIагIелделла къаьркъанаш мийлар Нохчийчохь. I00 процент хIунда яц аьлча, кху чохь дехаш кхин а къаьмнаш хиларна, и ца дохка бакъо яц. Маларо дакъаза баьхна дуккха а нах бу, цкъа делахь и къаьркъа цхьана дийна сихонца дIадаккхаро а бина дукха нах цомгуш.

Ас ладоьгIна цхьана оьрсийн программе, цу чохь элира «наркоманина лоьрашка дарба дало, ткъа къаьркъанча толуш вац» аьлла.

Цундела молучара хIун до, къаьркъанах ша хадийча, молханашка воьрзу».

Бусулба нахана къаьркъа малар а, дохкар а хьарам дина ду бохуш, къийсам латтош белахь а, Нохчийчохь, къаьсттина кегийрхойшлахь даьржина кхин лазар- молханаш мийлар, корта бахон сегIазаш Iийшар а, элира цо.

Ислам: Нохчийчохь маларш лахдаларан шеко яц, новкъахь гур вац мелла стаг. Амма духкуш туьканаш яц бохург бакъ дац. Кхечу мехкашкахь Iуьйранна 10-11 сахьт даллалц бен ца духку, ткъа Нохчийчохь дийнахь а, буса ю духкуш туьканаш.

Амма уьш елахь а, нах мелла ца го, малар къилахь хилар а, цо пайда цабахьар а хууш кхетам хилар хир ду-кх и.

Цхьа хIума а ду, молуш нах кIезиг белахь а, молханашца эвхьазабевлла вайн кегийнах. Уьш мелча, хьожа а ца хуьлу, я меллий а ца хаьа, цундела дукхахберш цу тIехь Iаш бу.

Малар юкъара даьллехь а, и важа цамгар а ю юкъара яккха езаш, къона чкъор талхо ара бевлла дуккха а нах бу. ХIинца юкъа даьхна Iовшуш долу сегIазаш ду, цхьацца молханаш тоьхна. Цкъа-шозза Iаьвшича, и доцуш ца мегачу хьоле а воккхуш».

Къаьркъа маларан рейтингехь Нохчийчоьнал тIаьхьа йогIу ГIалгIайчоь.

ТIаккха – Дагестан. Иза тамаше хеталахь а, статистийн хаамца йоьалгIаниг ю Москох, цул тIаьхьа Петарбух.

Къаьркъанца алссам хьан-сан лаьтта бахархойн Оьрсийчоьнан 22 регионехь. Оцу маьIнехь рекорд шегахь латтайо Жуьгтийн автономан республикой, Ненцойн махкой, Камчаткой, Магаданан кIоштой.

Доцца аьлча, маларна уггаре тIера агIонаш ю Оьрсийчохь Сибреххий, Генара Малхбалей.

Хууш ду Оьрсийчоь дуьнентIехь уггаре дукха маларш муьйлу мохк дукха заманара дуьйна схьа буйла.

Ткъа хIун боху теша дуьненаюкъарчу тергамчаша?

Изза рейтинг хIоттийна ши кIира хьалха дуьненаюкъарчу хьукмато а – Экономикан, кхиаран юкъарлонийн организацино.

Цо далочу терахьашца, шарахь 14 литар малар хIора вахархочо молуш билгалъялла Литува.

ШолгIачу меттехь Австри ю. КхозлагIанаш – эстонхой.

Оьрсийчоь ю боьалгIачу меттехь.

Ткъа уггаре кIезиг къаьркъанчаш беха Индонезехь, Туркойчохь, кхиболчу алссам бусулбанаш бехачу мехкашкахь.

Цу тIаьххьарчо ма-гайттара, малх гIаттарна а сийдан хьашт дац мехкийн куьйгалхошна.

Малар, кхидолу сакхташ а санна адамца дузург а, къасториг а цуьнан эхь-бехк, гIиллакх карадо теллича…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG