Политикерчу куьйгалхойн лааме хьожий тохку Оьрсийчохь цIерш гIаланашна, ярташна, урамашна, майданашна. Ткъа и политикаш церан оппоненташа хийцича, юха а хийцало адамийн сийдеш техкина цIерш.
Нохчийчохь а ду изза хьал. Тахана Соьлж-ГIалахь а, ярташкахь а ду урамаш, майданаш, хIолламаш ши бIе шо хьалха хьовха, ткъа шо хьалха а махка тIамца баьхкина хиллачу оьрсийн эскархойн.
Ду и эскархой цIий Iено хьежийначу хьаькамийн урамаш а, майданаш а.
Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, хила езий Нохчийчохь Путинан Владимиран, я Псковерчу десантникийн цIарх майданаш, урамаш.
Мел нийса ю тахана урамаша, майданаша лелаен цIерш? Мел догIуш хIиттийна махкахь цхьацца адамашна лерина долу хIолламаш?
ХIоттийначу хаттарна жоп дала луучарна - тхайн телефонаш.
Прагица зIене волуш: + 4 20 72 40 1 8 32
Горгали баийтинчул тIаьхьа, охьайилла а тарло телефон, тхаьш девр ду тхо дуьхьал зΙене.
СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32
Шайна хетачух лаций язде тхан сайте а: radiomarsho.com.