ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндарбиев Зелимха. Сингаттам


Нохчийн лаьмнаш
Нохчийн лаьмнаш

Яндарбиев Зелимха

Сингаттам

Меллаша гIушлакхе баьлла,
Тийна Iа, таьIна Iа малх.
Нохчийчоь, хьо йоцчу ваьлча,
Ма гIийла хетта-кха нах.

ХIорда тIехь кхозий, малх, боьдий,
ГIаьттинаъ валале хьо,
Карабо, дIабуза боьдуш,
Дерриг де шеца дIахьош.

Нохчийчоь, суна ма гина
Хьан Iуьйре, хьан делкъе, де.
Суьйре а, буьйсаъ ларйина…
Ткъа кхузахь-м дац буьйсаъ, деъ…

Хан кхузахь – ерриг цхьа зама,
ХIорд санна, цхьатерра дIа…
Нах бу, комаьрша, балл тамаш,
Амма мохк - дог доцуш цхьа .

Гой хьуна, дош аьлла валале,
Делкъе а схьахIоьтти тIе.
Нохчийчоь, сайн деган баланех
Хьоьга кхин дуьйцур дуй те?..

Яндарбиев Зелимха (1952-2004) гоьвала нохчийн байтанча а, яздархо а, политик а вара. Яндарбиев Зелимха вина I952-чу шарахь гезгмашин беттан 12-чу дийнахь. 1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан филологан (нохчийн мотт а, литература а) факултет чекхъяьккхира. 198I-1982 шерашкахь дуьхьара байтийн гуламаш арахийцира. 1984-чу шарахь ЧИАССР-ан яздархойн бертан декъашхо хилира, ткъа 1985-1986 шерашкахь СССР-ан яздархойн бертахь болхбира. 1987-1989 шерашкахь дийшира Москох Горкий цIарах лаккхарчу курсашкахь. 1989 шарахь литературан хьехамча санна болхбира ЧИАССР-ан яздархойн бертахь. Цу шарахь дуьйна “Барт” политикан организацин гIаьнтда а вара.

Нохчийчуьрчу маршонан боламан жигара декъашхо вара Зелимха. 1996-1997-чу шерашкахь Нохчийн Республикан Ичкерин президентан декхарш кхочушдира. Оьрсийчоьнан эскарашна дуьхьал тIамехь дакъалецира 1994-1996-чу шерашкахь. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлах сервиша Дохехь терроран акт йина вийра Яндарбиев Зелимха.

XS
SM
MD
LG