Кху шарахь, тулгIено санна, тахана-кхана дIанислура ду ша дерриг бохуш, Iедалша нахе мел дийцинарг хьаккхана дIакъайладаьккхина. Иштта мах хадо мегар ду пачхьалкхехь экономикехь долчу хьолан.
Лаккхарчу Iедалхоша, кхин къера а боцуш, вай сирлачу кханене доьлхуш ду бохуш, кхайкхамаш бахь а, могIарерачу нехан дегнашка дIа ца кхочуш и азнаш. Мецачу чоьно тIе ца оьцу и деза къамелаш.
Нохчийчуьра бахархой а бац, пачхьалкхера кхечу нахалла дика хьоьгуш оцу тIегIанехь. Маршо радиога цара дийцира, шайна тахана уггаре а лазаме долчу хаттарех. Шовхалова Раиса цIе йолчу яхархочо арз до массо а сурсаташна мах лакхаболуш бу бохуш.
Экономикехь долу хьал дика хиларна коьрта билгало ю, наха, шайна тахана-кхана кхалла тоаала хIума эцар. Амма, тIаьхьарчу хенахь, Нохчийчохь долчу суьрто гойту, наха, галешкахь, иттанаш киланашкахь, литаршкахь, юург а, мерг а оьцуш хилар.
Моссу а хIуманехь кхера Iаьмма болу нохчий, кхана муьлхачу агIорара тохар хира ду хууш бац, цундела, халонаш, гай дуьзина хилча, лан атта ду аьлла хеташ лела. Сангареева Зидата а, дуьйцу, массо а хIума язлуш хиларо, шаьш холчо хIоттош ду аьлла.
Оцу чолхаллашна юккъахь, цхьа хаам бу Iедалшна шаьш йохIкIайчу хIоттош ду аьлла хеташ. Махкахь, белхан меттигаш ца хиларан терахь гIехь лахделла бохуш дIахьедар дина кху деношкахь. Иза муха нисделла церан, кхета хала ду.