ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Чекистийн де» дуьхьалонан акцица билгалдаьккхина Москохахь юккъараллийн жигархоша


Шай и акци мелла а ехха хилийтархьама, иза буьйсана дIаяхьнера 7 жигархочо. Лубянкийн майданна тIе ма кхаьчнехь, цара схьайиллинера карахь хилла йолу плакат, Iедалшка кхайкхамаш тIехь йолу. Нийса ах минот ялле, царна массийта агIорара тIебеттабелира полисхой. Цара и декъашхой лаьттах вахь а боьттуш, сацийра пикет.

Полисхоша кIела йоьллинчу царах цхьаммо мохь беттара «Дезчу денца, къоталха бинарш», бохуш. Иза, цо хьажийна дара чекисташна. Вукхара бетташ мохь бара, «Оьрсийчоь-паргIат хира ю», «ДIадаккха чекистийн Iедал» бохуш.Цара каралаьцна хиллачу плаката тIехь, 3 шо тоьхна чувоьллинчу Дадин Ильдарна а, Бученков Дмитрийна а, Павленский Петрна а маршо йоьгIуш а, кхайкхамаш.

Нехан кхин дисина хIума дац, иштта акцеш дIаяхьар бен, аьлла Маршо радиога дийцира журналиста Флорин Дмитрийс. Иза, ша а ву, ишттачу акцешкахь хийлуза дакъалаьцна.

Флорин: «Нехан собар кхачийна. Кху шеран йоьххехь а хиллера хIара санна акци. I5- х стага, оццу Лубянка майдане ара а ваьлла пикет йира. Нах кхета, шайна цхьа а бакъо Iедалша лура йоцийла, цундела иштта къайлахь баха а боьлхий дIахуьтту уьш, карахь плакаташ а, латош йолу цIераш а йолуш. Уьш дукха дика кхета, шайна цуьнах хIун хира ду. Иза дикох ду, дIа а бахана, карахь «Тхо дуьненехь машарехьа ду» бохуш йолу плакат кара а лаьцна лаьттачулла. Шо хьалха а кхайхкинера со ишттачу акце. Савченко Надеждина маршо йоьгIуш, къайлахь бина кечам бара иза. Майдане а бевла, плакаташ а айина, цIераш а летийна дIахIиттира уьш. Цхьа минот ах минот яьлла хира яра, уьш дIабуьгуш. Полисхой тIебахка ейина йолу хан бен яцара иза».

Оьрсийчохь тахана, цхьанна а кепара аьтто бац, дуьхьалонан пикет а, митинг а, кхийолу акци а дIаяхьа. Iедалшкара бакъо йоьхучу хенахь, гайта деза, хинйолчу лозунгийн тексташ а, кхайкхамаш а, аьлла кхин дIа а дуьйцу журналиста Флорин Дмитрийс.

Флорин: «Масала, Iедалша бакъо лура ю, лоьрашна дуьхьалонан акци дIаяхь. Оцу нахана бакъо лучу хенахь, цара Iедалшка шай плакатийн тексташ дIахьажайо. Стохка, гуьйрана Москохахь Суворован майданехь иштта цара дIаяхьанчу цхьана митингехь яра хIара плакаташ: «Владимир Владимирович, гIо дехь тхуна», «Владимир Владимирович, даржхошка харц ма ейта медицина», «Iамеркхоша, дохош ду вай пачхьалкхехь долу хьал», иштта кхин дIа а. И нах арабевла хуьлу тIаккха, Iамеркхошна бохка а белла, пачхьалкхехь медицина йохочу даржхошна дуьхьал. И санна митингаш йойтура ю. Уьш дIаяхьа бакъо а лура ю».

Ишшта йолу акцеш, шайна Iедалша тIеIаткъам бийра буй хуушехь, дIахьош болу нах, чIогIа доьналла а, яьккхий принципаш а йолуш бу. Цхьаболчарна уьш коьртаца дика а ца хета. ХIинца, оцу ФСБ-н гIишлонна агIора нах дIахьажа а ца хIуттучу хенахь, цуьнан коьрта неI ягийра художника Павленский Петра. Иза массийта шаран чувоьллина. Пачхьалкхехь даллачуьнна шен дуьхьало яра, аьллера цо, хIунда дина ахь иза аьлла шега хаьттича. Иштта нах бу, «чекистийн денна» лерина шай акци дIаяхьанберш а, боху журналиста Флорин Дмитрийс.

Флорин: «ХIинца Лубянкехь хилларг-стохка дIаяхьанчу акцийн тIаьхье ю. Хьалха хилларш бу уьш. Масала Лаврешина Вера, 4 шо хьалха дуьйна евзаш ю суна. Химкинан хьун дIайоккхучу хенахь а дуьхьала яьлла яра иза. Цо, машенийн куьзганаш кегдора, иза машенна а, тракторна а хьалхахь лаьтта вахьюьжура. ХIинца а дIалаьцна яра иза. Оьрсийчохь и санна, ши стаг бен вац. Уьш Гиннесан рекордашна юккъе бахийта а мегара дара. Нехан собар кхачийна. Иштта хIума дар бен, кхин хIума церан ца дисна. Диктатурана еш йолу дуьхьало ю иза».

Къоман сий ду аьлла хета, кхечу журналистан Кириленко Анастасиян, иштта акцешка арабовлуш болу жигархой. «Чекистийн дезчу дийнахь» иза дан, вонуо чIогIа майралла а доьналла а оьшу аьлла комментари йира цо.

Кириленко: «ГIурабеттан 20 дийнахь оцу акци арабевла берш-къоман сий ду. «Чекистийн де» даздеш хилар тамашийна хIума ду. Оцу лерина сервисана а, КГБ-н а, ВЧК-н а архиваш тахана а схьайиллина яц. Дозаналла арахь а дац иштта де. Муха хира дара ЦРУ-н де даздеш? Малхбалера леринчу сервисийн имидж а яц иштта вуо. Къонахий болчу оцу наха, тидам бохуьйту оцу хIуманна тIе. Уьш реза бац, ФСБ массанхьа а хилар. ХIинца гуш ма хиллара, иштта акцеш йича, чубухкуш бу. И жигархой даиманна буьйцуш а бу. Лаврешина Вера, масала. Царах са а гаттадо ас- керлачу низамашца чу а бохка бакъо ю уьш».

Лубянка майданехь дуьхьалонан акци дIаяхьош схьалаьцначарех 6 аравалийтина. Царах цхьаъ Удимов Михаил, I5 де-буьйса а тоьхна чохь валлош ву хIинца а.

XS
SM
MD
LG