ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дала деллачу куьцаца къовсавелча...


Хьалха ийзалуш хиллехь а, хIинца Нохчийчохь могIарера хIума ду пластикан хирурги.

Пластикин хирургехь мара нисбар-могIарера операци ю. Къасттина Нохчийохь, хIора кхозлагIа жима стаг латар а, бокс а Iамош хилча-м, и лоьраш болх боцуш ца буьсу.

Иштта жима стаг шен мара нисбайта охьавижина хилла «Берс» цIе йолчу доларчу клинике. Операци ечу хенахь дог сецна, иза велла. И бохам хиллачул тIаьхьа болийначу талламо къастош бу лоьрийн бехк. ХIинца и гIуллакх кхеле кхаьчна. Цигахь къастор бу хиндолчу таIзаран барам.

Пластикан а, косметологин а операцеш Нохчийчохь дукха яьржина ю. Хьалха хебаршка яхана йолу юьхьтIера чкъор озадайта бен ца доьхура лоьрашкара гIо.

ХIинца шайн жималле а ца хьоьжуш мара а, бIаьрг а, балдаш а, кхийолу цхьацца дегIан меженаш а нисйойту Нохчийчохь.

Цундела, шортта и операцеш ечу меттехь, уьш юхахьайийлар а дукха хуьлу, аьлла Маршо Радиога дийцира, ша а долахь йолчу цхьана клиникехь болх бечу, шен цIе яккха ца лиинчу лоьро.

Лор: «Дукхачу хьолахь кегийрхой бу: йоIарий а, кIентий а. Еш ерг косметикан операцеш хуьлу. Делахь а, царна юккъахь садеIаран бала хьоьгушберш а ууьрсан кIела боьлху».

Кегий нах а, зудабераш а, а дукха ду пластикан операцеш йойтуш. Уьш тIаьхьарчу хенахь дукха бу аьлла, кхин дIа а дийцира Соьлж-ГIаларчу клиникехь болх бечу лоьро.

Лор: «Кегий нах дукха бу-кх и операцеш яйта лууш. Ца йича а, мегар йолуш а хуьлу. Сан сайн гергара нах а бу иштта лоьрана тIебахча, цара «хIан-хIа» аьлча, кхечарна тIе а оьхуш, «яхьара шайна» бохуш.

Телехьожийлашкахь йоккха пропаганда ю хазаллин. Журналан тIера хазачу мехкарех, кегийчу нахах тарбала лууш хуьлу уьш».

Пластикан операцеш еш йолу салонаш Нохчийчохь, къаьстина Соьлж-ГIалахь дукха ю. Стохка кхузахь уьш ерриш дIа а къевлина, талла йолийра Iедалша.

Бахьана дара, оцу цхьана шарахь цигахь операцеш йинчу иттанашкахь зударшна уьш юхахьайовлар

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG