ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс Касьяновна а «туьйхи» инстаграм


Кадыров Рамзанан инстаграмера видео: Касьянов Михаил ву биргIане лаьцна.
Кадыров Рамзанан инстаграмера видео: Касьянов Михаил ву биргIане лаьцна.

ХIинца цуьнан тидаме воьжна Оьрсийчоьнан премьер-министр лаьттина, хIинца оппозицин «Халкъан паргIатонан (ПАРНАС) партин» коьртехь лаьтта Касьянов Михаил.

Кадыровс шен агIонтIе видео хIоттийна, Касьянов снайперан тоьпан биргIана лаьцна гойтуш. Иза ша вен аьлла даржош буьйр ду,боху видеон хьокъехь Касьянов Михаила.

Шен Инстаграме Кадыровс хIоттийна видео, ала тарло, берийн ловзар ду. Касьянов Михаил ву цхьаьнхьа «Маьрша Оьрсийчоь» юкъараллин координаторца Кара-Мурза Владимирца къамелдеш.

Снайперо стаг вуьйш биргIане лоцу кеп хIоттош, тIе видеофилтр йиллина, кечйина чуккхоьссина интернете и кийсак Кадыровс.

Оцу кепехь ловза тарлора Кадыров Рамзан, ша шех халкъалахь «паччахь» эриг а воцуш, веккъа дIа Хоси-Юьртара вахархо хилча.

Амма Оьрсийчоьнан федералан декъа тIехь куьйгалла а лелош, интернетехула оцу кепехь цо оппозицин лидер а гойтуш цхьанакхеттачу шина хьоло декхаребина цо емалбен нах президенте а, низамхошка а гIодеха. Кадыров дIасацавахьара, цо шайна юха а кхерамаш туьйсу, аьлла бу церан латкъам.

Кадыров Рамзанан оьздангалла чорда гойтуш хIума а ду оцу видеокхоссарехь. Гуш дац ала инстаграме хIоттийна видео стенгахь яьккхина, амма Кадыровс ша буха яздинчу дешнашца туьду Касьянов Михаил стенгахь ву а, иза снайперан биргIанах чекх ша стенна гойту а.

Буха иштта яздина: «Касьянов Страсбурге веана Оьрсийчуьрчу оппозицина ахча деха. Кхетаза верг кхетар ву-кх».

Стенна хьахийна Кадыровс Страсбург?

Европан Бертан яккхийчу партех йолчу либералийн, демократийн Альянсца дийцаршкахь ша волуш, деношкахь, Касьянов Михаила къадийра, Кадыровс Оьрсийчуьрчу оппозиционерех мостагIий а аьлла, уьш набахте хьийсо беза а боху, аьлла.

Оьрсийчоьнна тоьхна лела санкцеш юха ца яхар а дийхира Страсбургехь Касьяновс.

Ала дашна, Кадыровн видеоколлажехь гушволу Кара-Мурза Владимир а вара Касьяновца Страсбурге вахана. Иштта яра шен да - Оьрсийчоьнан оппозицин лидер - верна бехке долчу адамашлахь Кадыров а хила мега, иза талла догIу бохуш хьийза Немцова Жанна а.

Дуккхаъчу нехан сатийсамехь лаьтта Путин Владимира ца делча ца долу аьлла хетало жоп, «ахь маца сацор ву Кадыров нахана кхерамаш туьйсучуьра» бохучу хаттарна дуьхьал.

...ХIан-хIа, диссане ца дуьсу Кадыровс эриг, лелориг, цунна гонаха Оьрсийчохь иккхина IалгIож Путинан тергамза.

Презхиденто ца алахь а, цунна хьалхара Кадыровх цкъа дош олуш, тIаккха шиъ олуш схьавогIу кху муьрехь Путинан пресс-секретар Песков Дмитрий.

"Кремло ца йо инстаграмин терго, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмин-м муххале а", - доцца аьлла цо. Шена хаьа зорбанехь муха, хIун яздо, оцу видеога а хьовсур шаьш, тIаьхьа ала цхьаъ хила а тарло оцу хьокъехь, делла жоп Песковс.

Ца хаьа цхьанненна а, муха, хIун хир: Кадыров кхидIа а нах кхерош лелар, я Кремло эхххар а оьздангаллин хорша иза воккхур.

Амма , олуш ма-хиллара, хичуьрчу пхьидаршна а хаьа, Кадыров Рамзанна шен бакъонехь а, компетенцехь а доцург лелон, ала индулгенци лург Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Владимирович хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG