Социалан машанашкахь дийцаредо шинарийдийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмерчу шен агIонтIе хIоттийна хилла оппозицин лидер, «ПАРНАС» партин куьйгалхо Касьянов Михаил снайперан тоьпан биргIана лаьцна гойту видео дIаяккхар.
Кеп-кепара туьду иза тергамчаша, видео Кадыровс ша дIаяьккхина бохуш а дуьйцу.
Ткъа авторо ишта яздо Фейсбукехь: «Ас даим сайна хетарг ма-дарра дIаолу. Iамеркан караIамийначу жIаьлех лаьцна ас аьлла масех дош ца тайначух тера ду. Оцу сохьта дIаяьккхи сан видео. И ю –кх и йийцаре ен маршо, Iамеркахойн кхетамехь. ХIуъа а язде, амма ма хьеде Iамеркан жIаьлеш, госдепан, конгрессан доттагIий. Ас буьйцурш муьлш бу, шуна дика хаьа».