ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан битамаш. Эна-Хишка (Серноводск).

Эна-Хишка – бальнеологин курорт а, юрт а. Соьлж-ГIалина 50 чаккхарма юьстах, аьчка некъанa а, «Кавказ» трассина а гергахь.


Эна-Юрт, Эна-Хишка олу юрт йиллина хилла нохчаша дуккха а зама хьалха. 1819 шарахь гIалгIазакхаша долаерзийна юьрт, Преградный стан цIе а туьллуш. ТIаьхьо Архангел Михаилан килс шаьш цигахь йоьгIча, хийцина цIе Михайловское аьлла.

ТIаьхьо гIалгIазакхашца цхьана юьрта баха юхабаьхкина нохчий, юьртан цIе Асламбековское, аьлла, хийцина.

1928-1929 шерашкахь Нохчийн Автономин областехь Новочеченский кIоштан шахьар ларалуш хилла. 2003-чу шарахь дуьйна Соьлжан кIоштан шахьар ю. Юьртахь веха 12 эзар гергга стаг.

Хьажа кхин дIа а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG