Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин талламчаша хаамбина, Шемарчу Iедало набахтешчохь тIаьххьарчу диъ ах шерачохь байъина эзарнаш нах, аьлла. Оцу хьокъехь арахецначу шен рапортехь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин комиссино кхойкху шайн Кхерамзаллин Кхеташо Шемарчу буьйранчашна, бехкечу хьаькамашна дуьхьал санкцеш яхаре а, адамаллина дуьхьал зуламаш дийраш Гаагерчу дуьненаюкъарчу трибунале озоре а. Амма ца яьккхина Комиссино цхьанненан а цIе.
Иштта хууш ду дуьненна а, Шемин Iедал доцуш, кхийолу хьукматаш, тобанаш а юйла махкахь къизалла, Iазап адамашна тIехь латтош, хуьлда иза ДАIИШ я Ал-Нусра.