Оьрсийчоьнан кхерамзаллин урхалло (ФСБ) чIагIдо, ша Уралерчу Екатеринбург гIалахь «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанах волу 7 стаг лаьцна бохуш. КIирандийнахь лецна болу уьш, цо дийцарехь, Оьрсийчуьра а, Юккъерчу Азин мехкашкара а бу. ФСБ-но даржийна, и нах Москох, Петарбухахь, иштта Уралерчу гIаланашкахь а лелхийтарш дан кечлуш хилла аьлла.
Иштта ФСБ-но хаамбо, шена оцу тобано лелха коьчалш кечъен лаборатори а карийна, бохуш. Террорхой тобан лидер ву, боху, дийцарехь, Туркойчуьра веана. Оьрсийчохь лелхийтарш дина ваьлча и 7 стаг Шема, ДАIИШ-ах дIакхета дIаваха лерина вара, боху къайлахчу сервисо. ФСБ-но бахарехь, Шемарчу тIамехь дакъалоцуш ву Оьрсийчуьра 3000 вахархо.