Туркойчоьнан премьер-министарца Давутоглу Ахьмадца шен цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа немцойн канцлеро дина хилла дIахьедар политикийн Iадаташца лерича вуно шога а, эмоционале а лара мегар ду.
Цо шена шок хилла элира, Шемахь Оьрсийчоьнан кеманаша еттачу бомбийн бахьаненна иттанаш эзарнаш наха ловчу баланех, аьлла. Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Кхерамазаллин Кхеташоно тIеэцна йолу резоюци, тIеман конфликтан декъачу массо а агIонаша маьршачу нахана тохарш дар сихонца сацон дезаш хиларх йолу, Оьрсийчоьно кхочуш ян езар а хьахийра цо.
Меркелс дIахьедар динчул жимма тIаьхьа Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн инарла секретаран гуманитаран хеттаршкахь гIовса волчу О'Брайен Стивена дийцира журналисташка, Оьрсичоьнан стиглан эскарша деш гIо а долуш, Шемарчу Асад Башаран режимо эзарнаш маьршачу бахархошна тIелатарш деш ду, маьрша объеаташ йохош а ю, аьлла.
Цо элира иштта, шайгахь тешамечу хьосташкара хаарш ду, оьрсийн бомбанаша Шемин Неврехьа шиъ лоьрийн цIа дохийна хиларх, аьлла.
Цул совнаха, тIаьхьарчу масех дийнахь Асадан эскарша оьрсийн кеманийн гIоьнца Алеппо гIалина тIелатарш дар бахьана долуш 30 эзар сов цу гIалин вахархо ведда, мухIажар ваьлла хилар а дийцира Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн инарла секретаран гIовсано.
Шен рогIехь, Европин кхеташонан куьйгалхочуо Туск Доналда шинари дийнахь дIахьедар дира, Оьрсийчоьнан Шемарчу тIеман операцино иштта а ирча хилла долу цу махкара хьал кхин дIа а талхош ду, аьлла.
„Оьрсийчоьнан леламаш бахьана долуш Шемахь вуно вуо хилла ситуаци кхин а вуочу йоккхуш ю“, - элира Тускас. Цо дийцира, Кремлано шена гIо дар бахьана долуш Асад Башаран режим кхин а къизох йирхина маьршачу нахаца, ткъа Шемарчу оппозицин ницкъийн карара йовлуш тIаьхьарчу масех шарахь цара яккхийчу халонашца Асадах маьрша даьхна долу лаьттанаш, бохуш.
Цул совнаха, Тускас билгалдаьккхира, Кремло бомбанаш еттар бахьана долуш Шемара Туркойчу а, Европе а уьдучу мухIажарийн терахь кхин цкъа а хазнесанна лакхадаьлла, аьлла. Малхбузенан векалш хилла ца Iа Оьрсийчоьно Шемахь бечу стигларчу тIамна дуьхьал. Шемарчу оппозицин декъашхой а бу Кремле шайн махкахь бомбеш еттар сихонца сацаде бохуш кхайкхамаш беш.
КIира хьалха Женевехь дIадолийна, амма Оьсрийчоьнан бомбеш еттар бахьана долуш юкъахдаьхна долу Шемарчу хьолах долу дуьненаюкъара дагадовларш юхаметтахIотторан хьелех цхьаъ лору Асадан режиман дуьхьалчу оппозицино Кремло Асадна гIодар сацор а, бомбеш еттар сацор а.
Тамашийна а дац, цхьана агIор тIаьхьарчу деношкахь шайн кеманаша Шемарчу Асадана долахь йоцучу меттигашна бомбеш еттар жигара даьккхинчу, ткъа вукху агIор и бахьана долу дуьненан юкъаралло шога критике ечу Кремло и бехкаш юхатеттар.
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс шинари дийнахь Германин канцлеран Меркел Ангелин дешнашна комментари йеш елира журналисташка, цкъачунна цхьанна а кепара тоьшаллаш дац, оьрсийн бомбанаша маьршачу нахана зе до бохучу дIахьедаршна, аьлла.
Цу дешнаша гойту, Оьрсийчоь шен Шемара политика хийца дагахь йоцийла а, хьаамо муьлха а тоьшаллаш шен политика бахьана долуш Шемахь нахехь къиза баланаш хиларх дахакадахь а, ша долийначунна тIера иза юхаер йоцийла аьлла хеташ ву политолог Асхабов Хьамзат.
Цунна хетарехь, Малхбузе карарчу хенахь кийча яц, Шемахь Оьрсийчоьнна дуьхьал хIотта, цунах кхеташ йолчу Кремло кхолладеллачу хьолах пайда оьцуш бу.
Асхабов: „Оьрсийчоьно шен амал хуьйцур яц. Я шаьш цигахь беш болу болх кхин а алсам ца баккхахь, лахбийр бац, цигахь маьрша нах леш бар яьлла. Цул совнаха, Асад чIагIварехь кхин а алсамох къахьоьгур ду Кремло.
Ткъа Малхбузено цунна дуьхьал цкъачунна дан хIумма а дац. Iамерка харжамашна кечлуш ю, ткъа Европехь цхьа а тайпана план яц шаьш хIун дан йиш ю бохучунна. Цундела кеста тIейогIучу хенахь цигара хьал хийцалур ду аьлла ца хета суна“.
Цу юкъана кхаарий дийнахь гучуяьллачу информацица, Туркойчоь ДаIишца мехкадаьтта дохкарехь бизнес лелош ю баьхначу Кремлана гергара оьрсийн концернаш ДаIишо доладечу мехкадаьттийн заводашкахь хIинца а болх беш йолчух тера ду.
Малхбузерчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, Путин Владимиран чоьхьарчу гуонера доттагI ларалуш волчу Тимченко Геннадийн доларчу „Стройтрансгаз“ кампанино йина йолу Tuweinan завод 20I4-чу шарахь ДаIишерчу террорхойн долаяьллера. Амма хIетте а оьрсийн инженераш цигахь кхин дIа а болх беш бу. Азимова Сийлаха