ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно зарратан герзаца кхерамаш туьйсу


Мюнхенерчу кхеташонехь, юкъара машар а чIагIбеш, Шемара тIом сацон Iалашоно йолуш вовшахкхеттачу дипломаташа, инарлаша дийцаредо Оьрсийчоьно кхерамзалла талхош хилар.

Кремло шегарчу зарратан герзах тешам боцийла гойту дуьненна а, юкъ-кара шегахь иза ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, хеза конференцин декъашхошкара.

Гулам лаьттачу юкъанна Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс дIахьедина, Европа а, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а гIерта шен пачхьалкх юхататта, оцу юкъанна «Исламан халифат» ю чIагIлуш, герга нисло дуьненан кхоалгIа тIом, нагахь санна Малхбале Оьрсийчоьнца цхьаьна хьал тодан ца гIортахь, аьлла.

И къамел дийцаредечу конференцин Малхбалерчу декъашхоша билгалдоккху, нехан лаьттанашна аннекси еш хьийзарг, Шемара кризис кIаргйийриг ша Оьрсийчоь хилар.

Мюнхенехь Медведевс къамел динчул тIаьхьа дош аьллачу Францин премьер-министра Вальс Мануэла бохура, Оьрсийчоьно сацо деза Шемахь маьршачу нахана тIе бомбанаш еттар, иза машар билла а оьшу, тIамо дакъаза баьхначу шемахошна гуманитаран кир тIекхачорхьама а оьшу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG