ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шараповас даре дина ша спортехь дихкина молха моьлуш хилла хилар


Iамерка -- Шарапова Мария, Лос-Анджелес, Зазадоккху-бутт,7, 2016
Iамерка -- Шарапова Мария, Лос-Анджелес, Зазадоккху-бутт,7, 2016

ГIаръяьллачу теннисах ловзархочо Шарапова Марияс даре дина ша спортхошна дихкина мелдоний олу молха мелла хилар. И бахьана долуш иза чекх ца яьлла доппинг тестах. Шараповас дийцарехь, шен могашалла тояр Iалашонца и молха цо моьлуш хилла кху тIаьхьарчу 10 шарахь.

Зазадокхху-беттан 7-чу дийнахь Лос-Анджелесехь зорбан конференцехь Шараповас элира мелдоний 2016-шо доладелчхьана дихкина хилар цахаара шена аьлла.

Делахь а, хилларг бахьана долуш цуьнца кхочуш еш хилла контракташ совцийна дуьненна а евзаш йолчу спортан духар духкучу NIKE фирмо а, Швейцарера Tag Heuer (ТАГ ХIойер) цIе йолчу компанино а, ткъа иштта немцойн Porsche (Порш) компанино а. Шарапова Мария къийсадаларшна юкъарайоккхуш ю кху беттан 12-чу дийнахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG