Оьрсаша лаьцна латтон Украинин эскархо Савченко Надежда къелхьараяккхаран штаб кхоьллина цу мехкан президенто Порошенко Петрос. Цо омра а делла, тоьлла Украинера лоьраш новкъабевлла Киевера Ростох кIошта.
Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, украинин дипломатийн аьтто баьлла и лоьраш Савченкона тIекхачийтар хьокъехь Оьрсийчоьнан Iедалшца барт бан.
Савченкос мацалла хьоьгу 5-гIа де ду. Иза сихха маьршаяккха аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка Iамеркин вице-президенто Байден Джос а, Евробертан лидерша а, оьрсийн ПЕН-клубан декъашхоша а.
Савченко Надежда дIахецар доьхуш йоккха демонстраци хилла Киевехь. Цуьнан декъашхоша Оьрсийчоьнан векаллалан белхахошка петици дIаелла Путин Владимире Савченко маьршаяккхар доьхуш.