Ростох кIоштарчу Донецк гIалан суьдо хаам бина Савченко Надеждина йина кхел йовзуьйтур ю ша кху беттан 21-чу дийнахь аьлла. Цунна жоп луш, Савченкос дIахьедар дина ша кхин дIа а мацалла хьоьгур ю аьлла. Оцу минотехь кхелехь болчу наха лекхира Украинин гимн.
Суьдан кхеташонехь хьалхо Савченкос ненан маттахь къамел дира, шен тIеххьара дош олуш. Цул тIаьхьа гочдархочо дIадийшира иза оьрсийн маттахь.
Савченко маьршаяккха аьлла кхайкхам бина Iамерко а, Евроберто а, дуккха а бевзаш болчу политикаша а, яздархоша, юкъараллин жигархоша а.
Царна тIекхетта вевзаш волу гуьржийн актер Кикабидзе Вахтанг. 2008-чу шарахь оьрсийн а, гуьржийн а тIеман конфликт иккхича Оьрсийчоьнан кема чудаийтина гуьржашна каравеана 2 пилот, дарба а дай, цIавахийта аьлларг ша хилла хилар дагаийтира Кикабидзес.
Цул сов Путин Владимире Савченко сихха маьршаяьккха аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан халкъан артисто Назаров Владимира а. Шен къамел дIахIоттийна цо Youtube.