ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко Надежда хи мала йолаелла набахтехь


Украина – Савченко а, Путин а. Коллаж.
Украина – Савченко а, Путин а. Коллаж.

Шайн журналисташ бойуш дакъалаьцна аьлла Оьрсийчоьнан суьдо чуйолла хьийзош йолу Украинин эскархо Савченко Надежда хи мала йолаелла набахтехь. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан адвокаташа. Савченкога хи малахьара аьлла дехар дина хилла Украинин президенто Порошенко Петрос. Амма мацалла хьегар дита реза яц Савченко, ша бехк а боцуш Оьрсийчоьнан Iедалша хьийзош хиларна.

Ростох кIоштарчу Донецк гIалахь Кхаарин дийнахь хиллачу кхелан кхеташоно хаам бира шен сацам дIакхайкхор бу суьдхоша кху беттан 2I-чу дийнахь аьлла. Савченко дIахецар дехна Путин Владимире Iамерко а, Евроберто а, дуккха а бевзаш болчу наха а, юкъараллин жигархоша а.

Зазадоккху-беттан 9-чу дийнахь Украинин президенто Порошенко Петрос дуьххьара дIахьедар дина ша реза ву Савченко хийца аьлла, нагахь цу кепара дехар шега кхачахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG