ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тхан дада - Iедалан гIо


Австри -- Нохчийн бераш ду сурташ дохкуш Венерчу майданахь, 10Гезг2012
Австри -- Нохчийн бераш ду сурташ дохкуш Венерчу майданахь, 10Гезг2012

Малхбузехь Iедало шайн доьзалийн Iуналла деш хиларо паргIат баьхна цхьаболу нохчийн дай.

„Австри вуно исбаьхьа пачхьалкхе ю. Кхузара къонахий джихадехь дакъалаца Шема баха йиш ю, ткъа церан доьзалш пачхьалкхено кхобу, дайша царна сагатдан а ца оьшуш“, - иштта аьллера, Грацерчу прокуроро чIагIдарехь, ша лаьцначул тIаьхьа шега хеттамаш бечу полисхошка Грацерчу цхьана нохчийн къомах волчу имамо.

И стаг ша, ши зуда а, ялх бер а долуш волу, Iедалера хIора баттахь эзар сов евро ахча а оьцуш, цхьанхьа а болх беш а воцуш, декъа цхьа маьждигехь имамалла а лелош, дIатарвелла вара. Амма, хетарехь, эзар сов евро ахчанах тоам ца беш, шена кхозлагIа зуда ялон цхьа къоначу, Шема ваханчехь вийначу жимчу стагах йисина йолу зуда ялон гIерташ тIаьхьаваьлла хиллера иза.

Прокуроро чIагIдо, и стаг цу зудчуьн кхо бер долуш дела, ткъа тIехь да воцуш кхуьучу кхаа берана Iедало лакхара пенси луш хиларна, церан ахчанга сатуьйсуш лелаш хиллера, бохуш.

Бакъдолчехь, иза кхо бер долу зуда ялон гIертаран бахьана муьлхарниг дара – цIена безам я боберийн ахча шен доладаккхар – иза хуур дац цунна шена а, Далла а бен. Амма Iедало берийн Iуналла Европехь дика деш хиларна, дайн шайн доьзал кхабаран декхарехь мукъабевлла, и декхарш пачхьалкхана а дитина, мукъабевлла дукха нах бу Европехь.

КIеззиг бац уьш Австрехь а.

Тайп-тайпанчу гIодаран цхьаьнакхетараллашкахь нохчийн дай-наношца белхаш беш йолчу социалан белхахочунна Матаева Маликина дика девзаш хьал ду иза. Дела денна хеза шена боху цуо нохчийн зударшкара латкъамаш, берийн дайша шаьш болх-м тешна а ца бора, мелхо а, болх бина зударша даьккхина ахча дIа а оьций, я казино чохь, я маларах, я молуш-узуш воцучо, цIахь цIенош дан деза я машен эца олий, берийн а, доьзалан а хьаштанашна иза хьажош.

Болх ца бар-м хIуммаъ дацара, Iедало балхах шаьш паргIат даьхча шайн йисина йолу мукъаъан цара шайн бераш кхетам-кхиорехь йоккхуш елахь, бохуш дуьйцу Маликас.

Матаева Малика: „Къахьегар а, массо а хенахь цхьанхьа тассавелла валлар а вайн цIийца хиларна, цIеххьана деш хIума а доцуш, паргIат бисича вайн божаршна, болх ца карбахь а, цхьа кхин хIума кардо лелон. Даима а дикадерг а ца хуьлу иза.

Дукха доьзалш бу суна бевзаш, ахча бахьана долуш, Iедална хьалха формала къаста а къаьстийн, тIаккха и ахча къовсий вовшах боккъал а къаьстина болу. Шаьш и ахча къахьегна даьккхина ца хиларна хила а мега, цу божарша иза тIаккха казино чохь я кхечу ишттачу вуочу Iалашонашца дойъуш хилар“.

Болх беш а боцшехь, Iедало социалан ахча а, болхбоцчеран пособи а, киндергелд олуш долу берийн ахча а комаьрша латторо дар дайъитина болчу дайша шайн доьзална, кхин хIуммаъ ца дахь а, вайн къоман гIиллакх-гIуллакх а, Iадаташ а, дIадахнарг, карарчу заманерадерг а дуьйцуш, цаьрца къамел мукъане а деш делахь, цу берашна хуур дара, масала, шаьш хIара я важа дан хIунда ца мега, я шаьш иштта я вуьштта хила хIунда деза, бохуш дуьйцу социалан белхахочуо Маликас. Амма и хIумнаш дIахьоьхуш хан яйъа карах ца долучу дайша цунна метта берашна бехкамаш бо.

Матаева Малика:Берашна лортIехь дIахьоьхуш хIуммаъ ца хуьлу ишттачу доьзалшкахь. ХIара ма де, я хIара де олу, амма иза иштта хIунда дан деза я, мелхо а, иштта хIунда дан мегар дац, цу тIехьа лаьтташ дерг хIун ду царна кхета ца до. Вайн къоман сел хаза гIиллакхаш муха ду берашна дIа ца дуьйцу, тIаккха шайна дIа ца дийцинарг царна хаа ма ца хаа.

ЦIахь-м гора царна иза лулахь, гергарчаьргахь а, шича-маьхчехь а, амма кхузахь царна гуш дерг ишколехь дерг бен хIуммаъ дац, цигахь кхечара лелориг шаьш лелон хIунда ца мега уьш ца кхета. Ткъа царна уьш дIакхетош дай-наной а дац.

ТIаккха дас-нанас ур-атталла шайн масалашца а иза гойтуш ца хилча, цу берашна а хийр хуьлу уьш. Дас болх беш бацахь, иза шен доьзална къахьоьгуш вацахь, дера, цуо ала ца оьшу шен берашка, аш а ма белаш болх аьлла. Цара иза цуо ца аьлча, шайгара бийр бац, цуьнан масалийца кхиина болчу“.

Ша балхан хьашташна Iуналла дечу цхьаццаболчу доьзалшкахь шена гуш долу сурт – берашна дола дарна метта хIусамерчу компьютерна дола деш волу хIусамдай, иза цу тIера хьала а гIаьттина, рагI шайга кхочур яцара -те бохуш, гуохьана хевшина бераший – кест-кеста нисло боху Маликас. ТIаккха тамаша а буй цу берашна и шайн да атта хетар а, цуо дуьйцур, цуо бо бехкамаш а цара гучахь хIуъу дахь а, къайлаха тергал а ца бар?

Матаева Малика: „Хийла доьзалшка яха езаш нисло сан балхаца доьзна. ТIаккха хийла го суна цхьаболчу доьзалшкахь, мичча а хенахь хьо цаьрга водахь а, да компьютер тIехь Iаш хуьлу, цунна гуонахьа хьийзаш бераш хуьлу, иза хьалагIаьттича, цу тIеховша лууш. Дас цу компьютер чохь деш дерг а хуьлу я картех ловзар, я тIом бечу ловзарех ловзар, я царех терра дерг.

Иза гучу берашна изза лелон ма лаьа. Цу ден авторитет йов тIаккха цу берийн бIаьргашлахь, царна боккха эшам а хуьлу, цу дас и лелор бахьана долуш. Къаьстина да ларар, цуьнан доьзалехь авторитет хилар деза ма ду вайн къомана юккъехь“.

Пачхьалкхан социалан системина шен, ден санна долу декхар дIа а делла, цуьнга шен доьзал кхобуьйтуш болчу цхьаццаболчу дайх, картех ловзархой, казинохь ахчанаш дайархой хилла ца Iа, царех молланаш а, даIаваташ дархой а, ур-атталла маьждигашкахь имамаш а хуьлу. Амма уггаре а ишттачу кепара дайр дайначу нахана юккъехь даьржина ду интернетехула а, ватсапашкахула а кхечарна, къаьстина, зударшна хьехамаш бар.

Мел хьарам ду зуда хазаллин салон чу яхара, Дала ларйойла иза шен цкъоцкъам тодайта дагадогIучух, зудчуьнна хаахьара иза шен хIусамдена мел муьтIахь хила декхарийлахь ю, зударех яьккхина хир йолуш ю жоьжахате – иштта бу цу хьехамийн чулацамаш. Доьзал ца кхобуш, компьютер тIехь хан йоккхучу дайх лаьцна хIуммаъ ца хьахадо.

Тамашийна а дуй тIаккха, цу хьехамашка да а доьгIна, гуттар а иман лакхадаьллачу цхьана зудчу, Умм Хьенехденарг аьлла цIарца ваттсапехь жигара йолчу, цхьана тобанехь ша шен хIусамдена кхозлагIа зуда лохуш ю аьлла хаам битар.

Вукху зударша шега хеттарш дича, цуо йоккхаерца дийцира, шаьшшиъ ший а зуда а, шайна тIекхетта шайн хIусамда а балхахь дац, социалан ахча оьцуш а ду, аьлла. Болх ца бича а схьалуш дара кхара-м и ахча, элира цуо цхьана зудчо шена и бахьана долуш бехк баьккхича, ватта, ахь тхуна ма къеди и кху Iедало массарна луш дерг аьлла, цец а йолуш.

XS
SM
MD
LG