ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грацехь хоттучу кхелера


Баттахь сов дов хаьттира Австрерчу Грац гIалахь нохчийн къомахчу джихадхошка а, царна хьехамаш беш хиллачу радикале имаме а. Массеран а бехкталларан болх чекхбаьллачул тIаьхьа кхелахоша бина сацам тергамхой цецбохуш шога хилла.

Деа кIиранах дов хаьттинчул тIаьхьа кхелахоша шайн сацам дIакхайкхича, Грацерчу лакхарчу кхелан кхерчахь процесс тергалйан гулбеллачу нахера цецбовлар гIовгIа иккхира цхьана мIаьргонна. Тамашийна а дацара – цхьанна а ца моьттура, бехкебечеран гIентахь Iачу нохчийн къомахчу джихадхошна а, церан имам хиллачу моллина а иштта лакхара хенаш тухур ю.

Ткъа кхелан сацам дагахь а доцуш шога хилира – коьрта бехкевечунна, 42 шо долчу Грацерчу имамана Виситина 6 шо набахтехь даккха кхайкхира кхело. Шемахь а хилла, цигарчу тIемашкахь дакъа а лаьцна, Австре юхавирхинчу шина джихадхочунна ЭзарIелиний, Арсенний хIоранна а пхиппа шо набахтехь даккха туьйхира.

Верриге а бархI стаг вара цу процессехь джихадхой хиларна, я джихадхошца зIенаш хиларна, я радикалечу даIваташца джихадхой кегийчу нахах барна а, я джихадхойх дIакхета гIертарна бехке веш. Царех ялх стаг бен Грацерчу кхелехь бехкебечийн гIентахь вацара, важа шиъ, цхьа зудий, харц тоьшаллаш дарна шеконе лаьцна йолу, кхин цхьа стагий, джихадхойн декъахиларна лохуш волу, дедда, къайладаьлла, цхьаццаболчу хаамашца, Нохчийчохь хила там болуш ду.

Важа ялх – кхо стаг, кхо зуда, тIаьхьарчу цхьана баттахь сов кхелан хеттаршна доьпаш луш дара. И хеттарш, ала догIу, доккхачу декъахь вуно цатомехь а, юхькIам боцуш а дара, наг-нагахь кхел тергалйан гулбеллачарна а ур-атталла шаьш Iачехь эхь хоьтуйтуш, цу лийцинчара лелийна я дийцина бохуш долчу хIуманашка ладоьгIучу хенахь.

Иштта, масала, теш санна валийначу цхьана нохчочуьнга хеттамаш бечу хенахь цхьа мIаьрго нисйелира. Цу стеган 15 шо долу йоI ши шо хьалха къайлаха цIера едда, Шема яхнера. Шен йоI лаха тIаьхьаваханчу цу стаго иза Шемахь нохчийн тобанаш йол-йолчохь лехнера, эххар а цуо ша дийцарехь, Шемахь а ца карош, луларчу Туркойчохь кара а йина, цуо иза шеца цIайалийнера.

Кест-кеста корта а лоций, кхохка а вой, соьга ца дийцало цунах лаьцна, суна дукха лазаме хIумнаш ду уьш олура цу стаго, кхелахочуо шега цу йоIах лаьцна нохчийн Iадатехь схьаэцча бехке хIумнаш хаьттича.

Масала, кхелахо далийра цу стаге цуьнан йоI Шема яхаран бахьнех хоьттучу хенахь, хьуна хаий, дуккхаъчу эксперташа цу хенахь долу зудбераш цига эхаран бахьана церан шаьш турпалхой ду бохуш гойтучу ондачу, зоьрталчу, нуьцкъалчу къонахашца марелле йолу къайлаха фантазеш юйла аьлла.

Муьлхачу нохчочунна кхеташ ду, и санна хеттаршка ладегIа, царна жоп далар-м хьехо а ца оьшу, мел хала ду.

Амма нагахь санна теш санна валийна хиллачу дена цу кепара хеттамашкахь дакъалаца мел хала хиллехь а, шек а воцуш Iара коьрта бехкевеш волу имам Висита, прокуроро а, кхелахоша шега шен шина хIусамненах а, кхозлагIа ша ялон гIерташ тIаьхьаваьлла готта хьовзийначу, шена уллорчу бехкебечийн гIентахь Iачу къоначу зудчух а, цуьнан ненах, аьлча, шен ца хуьлуш йисина стуннанана, иштта шена дехьарчу бехкебечийн гIентахь, ша бахьана долуш лаца а лаьцна, Iачу, мел эвхьаза а, шена юхькIоме доцу а хеттарш дарх.

„Со радикале исламхо ву, амма экстремист вац“, „Австри дика мохк бу, кхузара къонахи джихаде баха йиш ю, шайн доьзалша австрин Iедалшка кхаба а кхобуьйтуш“, „Со демократи къобалйеш вац“, - иштта яра цу демократин пачхьалкхено хIора баттахь, беш болх я хьогуш къа а доцушехь, эзар сов евро а луш, кхобуш волчу стаго полицин хеттамашка деллачу жоьпий цитаташ.

Цо дацаре дора ша кегирхой радикале а берзош, Шемарчу тIаме хьежийна бохург. Кхузахь ала догIу, процесс дIайолаелча дуьйна схьа цу стаго кегирхой билгал Шема хьежийна бохучуьн Iедалхойн хIара аьлла тоьшаллаш доцуш санна ойла и кхел тергалйеш хиллачу журналистийн, аналистийн а кхоллаелла хилар.

Кхеташ дара, и стаг радикале хьежамаш болу вуйла, кхеташ дара иштта, цуо шен маьждигехь джихад хестош дийцинийла а, амма иза цхьаъ ду.

Ткъа билгал кегирхошна Шема даха деза шу бохуш хьехамаш бара – кхин ду. Нагахь санна хьалхарниг меттигерчу низамашца дихкина дацахь, шозлагIниг зулам лоруш ду. Ткъа Виситас, цу стаге хьежамаш хIоранан а мухха а белахьа, амма цуо и зулам дина хиларна билгал тоьшаллаш кхелехь доцуш санна хеталора дукхаъчу тергамхойн.

Амма, схьахетарехь, Виситина ялх шо кхайкхор а, цуо тIеIаткъам а бина, Шема вахана ларалучу шина жимчу стагана пхиппа шераш тохар а кхелахойн хьесапца, ша-башха прецедентан маьIна долуш хила мега. Джихадхошца дог-ойла йолчу, я цу агIор хьехамаш бечу нахана гайтархьама, Австрехь и кепара радикале хьежамаш баржочу нахаца Iедал шога хир долуш дуйла гайтархьама.

Процесс йолаелча дуьйна схьа иза тергалйеш вара Австеррчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан куьйгалхо Мусалатов Шайхи а, Висита шена дика вевзаш волу.

Вара иза цунна хан кхайкхочу дийнахь кхелан кхерчахь. Шайхина хетарехь, кхелан сацамо массо а нохчийн кегирхошна Iилма дала деза, шайн боцу тIом бита а битина, дешар а, кхиа а, белхаш бар а царна марздеш долу.

Мусалатов: „Кхузахь кегирхошца кхин дIа а болх бан безаш ду-кх вай, царна хьехамаш а беш, царна дешар а, болх бан безаш хилар а дуьйцуш. Цу процессехь иштта къамел кхелахочуо а дира, боккъал а деша а дешахьара аш, и хIумнаш ма леладахьара аш, кху пачхьалкхан низамаш лардахьара аш, бохуш“.

Виситас а, вукху шина джихадхочуо а шайна кхайкхиначу хенашна дуьхьал аппеляци ян дагахь ду шаьш аьлла дIакхайкхина хIинцале а. Аппеляци а ца еш, шайн тоьхна хенаш кхобалйина вукху кхаа зудчуо.

Царех цхьанна, Виситас шена йига хьийзийначу кхаа беран нанас, шен цIийнда Шемахь вийначул тIаьхьа ша а цига дIаяха гIиртинчу, 15 бутт хан тоьхна арахь яккха. Харцтоьшаллаш дарна бехке йинчу цуьнан нанний, йишиний кхо буттий, пхи буттий хан тоьхна арахь яккха.

XS
SM
MD
LG