ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигрантийн а, туркойн а амалбеш ю Евробарт


Брюсселехь шозлагIа де а ду Евроберто Туркойчоьнца мухIажарийн хьокъехь мехала дагадовларш дIахьош долу.

Нагахь санна, саммитан хьалхарчу дийнахь Евробертана юккъейогIучу пачхьалкхийн куьйгалхой доккхачу декъехь вовшашлахь дагадовларш дIахьош хиллехь, Туркойчоьнца мухIажарех барт тIеэцарехь цхьа юкъара политика кхолларан хьокъехь, шозлагIчу дийнахь йоллу хан цу юкъарчу политикана Туркойчоь тIеялорна лерина яра ала мегар ду.

Ткъа и политика иштта ю – Туркойчоьнан лаьттIатIера Эгейн хIурдахула желтойн махка а оьхуш, цигара дIа Европина юккъехь Iоьхкучу кхиинчу пачхьалкхашка кхача гIертачу мухIажаршна Анкарано дуьхьало йийр ю, уьш кхаччане а Греце ца кхочуьйтуш, шайн махкахь совцорхьама.

ХIинцале а Греце схьа а кхаьчна, цигара дIа кхечу пачхьалкхашкахула дIасабаржа сатуьйчуш, дозанашкахь мухIажарийн лагершкахь Iаш болу эзарнаш мигранташ Евробертан ницкъашца Туркойчу юхабуьгур бу. Нагахь санна уьш Грецехь шаьш битахIара аьлла, политикан тховкIело цу махкахь еха лууш бацахь.

Я нагахь санна царна Европерчу низамашца политикан тховкIело йогIуш яц, уьш машаречу мехкашкара хиларна, масала. Туркойчуьра Европано шемахой бен тIеоьцур бац, ткъа царех а цхьа дакъа бен оьцур дац, хьалхехь легала доцучу некъаца Европе кхача ца гIиртинарш я билгал тIом болчу гIаланашкара бевдда шаьш хилар тIечIагIдан йиш ерш.

Кхин дIа болу мухIажарш, уьш мел дукха хиларх, шайн махкахь совцор бу туркоша, царна цигахь бIеннаш эзарнаш нах дIатарбан йиш йолу мухIажарийн лагерш а юттуш.

Иза дерриге а дан резахиларна, я ма-дарра аьлча, хаддаза тIеоьхучу мигрантийн баланах Европа Анкарас кIелхьара яккхарна, Евроберто комаьрша бекхам бийр бу Туркойчоьнна. Хьалхарниг – цкъачунна сихха цу пачхьалкхана Малхбузено 3 миллиард евро ахча лур ду. Анкарас дерриге а дехнарг 6 миллиард ду, амма важадерг луш хилахь а, тIаьхьо бен лур дац, 2018 -гIа шо чекхадалале иза текхна дала дезаш делахь а.

Цул совнаха, карара шо юккъедаьлча дуьйна схьа Туркойчоьнан бахархой визанаш а йоцуш, Евробертехула дIасалела бакъо лур ю. Ткъа коьртаниг – Меркел Ангела Германехь урхалле еъча дуьйна схьа сацийна латтош долу Туркойчоь Евробертан декъаэцарх долу дагадовларш юхакарладаьхна а ца Iаш, жигара дохур ду.

Кхеташ ма-хиллара, иштта ши миллион герга Шемара мухIажарш тIе а эцна, уьш Iалашбеш йолчу Туркойчоьнна вуно санехь барт бу иза. Цецволийла а дац тIаккха цу пачхьалкхан урхаллин куьйгалхочуо Давутоглу Ахьмада пIераскан дийнахь Брюсселехь ша вуно догтокх гайтар. „Со тешна, вай вешан Iалашоне кхочур хиларх – массо а мухIажарна гIодан а, Туркойчоьнан, Евробертан юкъаметтигаш кIаргаян а“, - элира цо.

МухIажарш тIеэцаран политика бахьана долуш шен махкахь вуно ирчу критике еш йолчу Меркел Ангелас а гайтира ша пIераскан дийнахь дагадовларшна вуно реза. „Тхо массо а цхьа ойла йолуш ду, Туркойчоьнца болу барт тIеэца безаш хиларехь“, - элира цуо.

Цу юкъана желтойн махкарчу Идомени юртахь масех дийнахь ца соцуш тIеоьхучу догIалахь а, цуо кхоьллинчу ткъаршалахь а хан йоккхуш бу 15 эзар сов мухIажарш.

Македоница долчу дозанна уллохь бу уьш, и доза хIинций-хIинций схьа а диллина, шаьш Германи агIор дIа ца дохуьйту-те бохуш сатуьйсуш Iаш.

XS
SM
MD
LG