ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрийхой реза бац мигранташ Iедало къехкорна


Австри --"400 бер ду школе даха йиш йоцуш", Венерчу гуламехь, 20Заз2016
Австри --"400 бер ду школе даха йиш йоцуш", Венерчу гуламехь, 20Заз2016

Даханчу аьхка а, гуьйранна а мухIажарш бIеннаш эзарнашкахь Европе схьаэха буьйлабелчу уггаре а хьалха царна дозанаш схьа а делла, уьш адамаллин Iадаташца догIуш ма-хилла тIе а эца, аьлла урамашка бевлларш Европин пачхьалкхийн бахархошна юккъехь австрихой бара.

ХIетахь цхьана дийнахь I50 эзар сов аравелира меттигерчу урхалле тIамах а, баланех а бевддарш тIеэца аьлла кхайкхам бан, шайна юккъехь цIарна цIеяххана болу исбаьхьалхой а, кинон а, телевизионан а седарчий ларалуш болу нах а болуш.

Шеко а йоцуш, цу кепара австрихойн солидаралла гуш кхин дIа дозанаш къевлина латтон а, и къевлина дозанаш бахьана долуш дела денна хIурда чу а оьхуш мухIажарш баларх деза жоьпалла шайна тIеэца ца луучу урхаллин декъашхоша цхьана юкъана Австри чу битира, еш новкъарло а йоцуш, эзарнаш мигранташ, царех цу махкахь совца луучеран тховкIелонах долу дехар кхочуш а деш, ткъа кхечу Европерчу пачхьалкхашка царех дIабаха луурш Дублин 2 сацам боцуш санна, маьрша дIабаха а буьтуш.

Амма цу кепара „мухIажарш, шу марша догIийла“ боху политика башха ях ца елира Австрин урхаллин гуонашкахь. Уггаре а хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министр Микл-Лайтнер Йоханна а, арахьарчу гIуллакхийн министр Курц Себастьян а коьртехь долуш, - ший а консервативечу Халкъан партера долу, - араделира, мухIажарш совцон агIонаш лаха.

Цу шиннан жигараллин жамI – Австрино шен дозанаш дIакъовлар, шарахь 37 эзар ах эзар бен мухIажар махка чу вуьтур ца хиларх болу сацам урхалло тIеэцар хилира.

Ткъа цу сацамах домино эффект а хилла, Грецера схьа Австре кхаччалца болчу мухIажарийн новкъахь мел Iоьхкучу пачхьалкхаша шайн-шайн дозанаш а дIакъевлира. ЖамIа – кхин дIа Европин кIоргене кхача бакхо йихкина болу иттанаш эзарнаш мухIажарш Грецерчу дозанахь эрначу арахь бисина, цигахь мацалла а, шелонаш а, цамгарш а ловш Iаш хилар ду.

И дерриге а тергал а деш Iойла дац адамаллин хьаса шайца бисинчу нехан – иштта яра мукъаденошкахь иттанаш эзарнаш венахой урамахка баьхна йолу ойла. Цара шаьш шайн урхаллин мухIажарех йолчу политикана реза ца хилар а, и адамаллин гома политика лелош йолу урхалла шаьш кхин дIа а ловр ца хилар а кхайкхира.

Венин Карлсплац майданахь гулбеллачу юкъараллин жигархоша а, адамийн бакъонашларйархоша а, меттигерчу бахархоша дийцира, Европин куьйгалла мухIажарш шайн мехкашкара идаран бахьанашца къийсарна метта, шаьшца мухIажаршца къуьйсуш бу бохуш.

Трибунехь къамел динчарех цхьаммо, СОС-Менш юкъараллин векало Фрайберг Сюзаннес элира, Австрин урхалла мухIажарш юхатоха гIертаро хIора дийнахь керла-керла декъий кхуллу, хIурдалахь я дозанашкахь леш болчу нехан, аьлла.

Фрайберг: „ХIора дийнахь керла шоке вожон хаамаш кхочу вайга. Кхин а ирчох-м дерза йиш ма яц хIара хьал аьлла вайна хетаделлчохь кхин а ирча кхаьънаш кхочу вайга.

Цхьацаболчу политикаша нахана юккъехь цабезамаш кхуллу, цара харца информацеш яржайо, къаьмнийн машаречу цхьаьнадахарна новкъарло йо цара. Вайн демократи хьоьшу цара, вай сел халчу къийсамехь яьхна йолу адамийн бакъонаш хьоьшу цара. Маьхьарш хоькху цара, паника яржайо.

Миграцино а, къаьмнийн тайп-тайпаналло а, машаречу цхьаьнадахаро цкъа а цхьанна а зе дина дац. ХIан-хIа. Мелхо а, вайн дахар таронеха а, хазох а до цара. Зе деш дерг бакъдолчехь цабезам бу. Вайна кхераме ерг фашизм ю. Низамаш хийцалуш хуьлу, амма адамалла хийца ца луш юьссуш ю“.

Демонстраце гулбеллачийн терахь 16 эзар стаге кхечира. Карслплатцехь митинг йинчул тIаьхьа эзарнаш нах транспаранташца а, мукъамашца а, хелхаршца а Австрин парламентан гIишло йолчу бахара, цигахь политикашна шайн кхайкхамаш дIабовзийта.

Парламентана хьалха йоцу социйла йинчул тIаьхьа мухIажаршца къинхетаме политика яре кхайкха арабевлла болу венахой кхин дIа Европан кхерч олучу, Венина юккъехь Iуьллучу Евробертан векалийн офис йолчу бахара.

Масех сохьтехь яхъеллачу демонстрацин декъашхоша бинчу кхайкхамашна юккъехь бара, Австрин конституци ларйаран кхело цу пачхьалкхан низамашца богIуш бац аьлла кхайкхина болу урхаллин хIора шарахь 37 эзар ах эзар бен мухIажарш тIеоьцур ца хиларх болу сацам юхабаккхар а, иза кхочуш дан резайоцу урхалла шен даржера дIаялар а.

Иштта цара дIахаийтира, Туркойчоьнца Евроберто йина йолу пакт, цигара кхин мигранташ Европе сехьа ца бовлийтархьама Анкарана миллиардашкахь ахча а луш, Эрдоганан урхалло Евробарт мухIажарийн баланах паргIат яьккхичахьана цу урхаллина адамийн бакъонаш хьешар мага а деш йолу, и пакт Евробертан низамашца йогIуш ца хилар а, и сацам юха ца баккхахь, адамийн бакъонашларйархой цунна дуьхьал кхеле бовла кийча хилар а.

XS
SM
MD
LG