ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшина ца оьшу мигранташ


Полшига карарчу муьрехь кхочуш ца дало ша мухIажирш тIеэца делла дош, аьлла кхаарийдийнахь оцу мехкан премьер-министро Шидло Беатас Суперстанция телегойтийланна интервью луш. «Брюсселехь баьхна бохамаш а лаьтташ, тхо ца хьийсало парггIат цхьа а мигрант тIеэца веза бохучуьнга, тхо тхешан бахархойн кхерамзаллин Iуьналлехь хила декхаре ду», - бохура Шидлос. Белгехь тероран тохар дарца доьзна шен мигранташка болу хьажам дуьххьара иштта хийцинарг ю Европан мехкашлахь Полша.

Евроберто 120 эзар мухIажир тIе а оьцуш, царех 7 эзар Полшехь а вуьсуш бина сацам бара хIинццалц лелаш. Оцу мигрантех хьалхара дакъа Полшано шена чохь дIатардан дезара кху баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG