Вашингтонехь зарратан саммитехь вист хуьлуш Iамеркан президенто Обама Барака дIахьедар дина, зарратан герз террорахойн карадаха мегаш хиларан кхерам лаьтта аьлла.
«Цхьа а шеко яц, нагахь зарратан бомба, я зарратан коьчаллаш цу хьера бевллачу нехан кара йолхахь, уьш гIоьртар хиларан иза эккхийтина ма-хуьллу дукха бехк боцу нах байа» - бохуш вара Обама.
Цо кхайкхам бира дуьненерчу лидершка зарратан объекташ а, зарратам коьчаллаш а ларъяр кхин а чIагIдахьара аьлла.
Вашингтонерчу форумехь дакъалоцуш бу 50 сов пачхьалкхан куьйгалхой. Москох реза цахилла цу саммитехь дакъалаца, президентийн тIегIантIехь цу тайпа цхьаьнакхетарийн политикан чулацам кхочуш бина баьлла бу аьлла.
Амма Малхбузехь иза доьзна ду аьлла хета, Оьрсийчоьно ГIирма дIа а лоцуш, Украинин Малхбалехь тIом баккхарна Москохан, НАТО-н а юкъаметтигаш шелъяларца.