ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьнено минанийн кхерам хьахабен Де: Нохчийчоь


Тахана маьрша дахар махкахь дIахIоьттина делахь а, тIеман хьелашкара йовлаза ю мехкан аренаш, хьаннаш, хотеш.

Бахархоша даре а деш, хIаваан кеманех а, беркеманех а шуьйра пайда а оьцуш, мичча хена а лелха тарлуш, чот йоцуш дукхачу минех, фугасех, бомбанех, кхидолчу кхерамечу герзех доьттина оьрсийн тIеман министаралло нохчийн латтанаш.

Ламанца а, цуьнан когашкахь а Iохкучу ярташкахь цхьа эвла-меттиг ца карайо, акхарошна доьгIначу гуранех тера, лаьтта бухахь хьуламехь дисинчу герзаша бахархошна а, даьхнешна а зен-зуламаш данза. Цхьамма а хьесапе оьцуш а боцуш дукха бу байанарш а, заьIапхойн могIарш тIедуза къаьхьа кхаж баьлларш а.

ХIинцалерчу а, мацахлерчу а тIемийн зов карла а дуьйлуш, тахна а буьйлуш лаьтташ бу бахархошна бохамаш. Кху Оханан беттан 3-чу дийнахь дуьйна лазамечу ладегIамехь беха Соьлж- гIалин кIоштан Кен-Юьртара (Галне а олу цунах халкъалахь) 11 шо долчу кIентан гергарниш. Юьртахоша дийцарехь хи йистехь иза тIеIоттавелла минометан хIоана.

И эккхар бахьнехь жима кIант кху сохьта вочу хьолехь Соьлж-гIалин дарбанан цIийнехь ву. Говзанчаша дийцарехь, оьрсийн эскархоша кхузахь къепе хIоттош, пайдаэцначу герзех эккхаза бисина хIоъ хилла кIант тIенисвелларг. Бахархоша далочу тоьшаллашца махкахь шолгIа тIом болочу муьрехь оьрсийн эскархоша жигара пайдаэцна цу миномет олучу йоккхачу тоьпах,

Ставропол мохк болчу агIора схьа, Терка аьрро берда тIера, аьтто агIор Iохкучу маьршачу ярташна хаддаза тIеетташ. ЛадегIамехь хийла буьйсанаш такхийтина хIетахь нахе эскархоша, юх-юха а минометаш тIетташ.

Дукха масалш дара бохуш дуьйцуш бахархоша адамаш лазийна а.хIусмаш йохийна а. Наха дийцарехь эккхаза бисина царех цхьа хIоъ бу Галнера жима кIант Iовжийнарг а.

Нохчийчохь тIаьххьара хилларш а, мацах-мацахлера тIемаш а юх-юха а карладуьйлуш, цара нехан керта бохамаш бар кхачалур ду ала а дац.

Стенна аьлча, мичахь хIун кхерам бу а ца хууш, доьттина ду нохчийн латтанаш бес-бесарчу герзах. Хьалхо хьахийна ма-хиллара, чекхбаьллачу беттан 20-чу дийнахь мина я бомба а иккхина, ког а баьккхина, хIинца а лазартнехь ву Новр кIоштан Ищери эвлара 63 шо долу вахархо Бураев Мохьмад.

Цигахь Рубежни олучу юьртана 3-4 чакхарма гергахь, гIамаршкахь халкъалахь «бомбанийн кха», «минаш йолу аре» бохуш, техкина шен цIерш а йолуш, дуьйш-дерзош а, тесна дитна а кхаш-аренаш ю.

Хууш ма-хиллара 1942 –чу шерашкахь луьра тIемаш лаьттина Новр-кIоштехь.

Кху тIаьхьарчу масех шарахь карийна цу гIамарш олучу лаьттанашкахь Рубежни, Алпатов, Капустино ярташна гергахь цхьа бIе сов цу хенахь тIамтIехь эгначу салтийн даьIахкийн чархаш. Бахархоша мукIарло а деш хIора шарахь карош лаьтта цигахь адамийн даьIахкаш а, бен-бен герзаш а.

Оцу кхерамечу бомбанийн аре олучу кхана юххехь цу хьокъехь дуьйцуш ву Рубежни эвлара вахархо-латталелорхо Ваид. Цу дийцарехь хIинцца цхьа кIира хьалха карийна цигахь ширачу гранатийн дийнна цхьа «цIов-кочар».

Ваид: «Дукха карийна, карош а ю тIамехь беллачийн даьIахкаш. Деша а луш газет а карийнера цкъа. 22октябрь 1944-чу шеран дара иза. ТIехулара агIо ешалора, вуьшта хьо листа воьлча дамарцу хуьлий аталора.

Схьакарош мел йолу немцойн хIумнаш дикачу хьолехь хуьлура. Эткаш яра хьуна и цу хенахь саморезаш олу хьостамий а хьийзийна. Дукха хIума карийна. ХIинцца кIира долуш ма карийна цхьанна бежний лоьхуш иттех граната. Iедале а аьлла, сапераш балийна лелхийтина. ДIо-о дIанехь барз болу меттиг гой хьуга цигахь узбекийн кIотар олуш жима юрт хилла. Цигахь а ду тесна дитина латтанаш,аха ца хIуьттуш….»

Леррина гIирс а эцна, цу метте зераш дан вахча, 72 шо хьалхалерчу тIеман ларш кара а ца еш, цигара вуха ца воьрзу стагга а, говзанча-м муххале а боху Ваида.

Цуьнга а, кхечаьрга а кхета цалург ду, лехамаш а беш, кхерамечу герзах дIацIандан дезарш кхин дIоггара дукха латтанаш а доццушехь, уьш мукъадахар Iедало 72 шаре дахдар.

Ваида даре ма-дарра цкъацкъа латта охучу готано а гучудоккхуш хилча и кхераме герз муххале а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG