Ши Оьрсийчоьнан вахархо Анисимов Юрий а, Смирнов Александр а лаьцна Истамбулехь леринчу операцехь полицино, оцу гIалахь ах шо хьалха нохчо Эдильгериев АбдулвахIид цара верах шекойолуш.
Habertürk газето бечу хаамца, вийнарг Ичкерин заманахь идеолог лаьттинчу Умаров Iисан нуц хилла, вийра иза шен цIенна гергахь Истамбулехь. 52 а, 55 а шераш долу Анисимов а, Смиронов а шпионаш бара, цара динчу рогIерчу зуламца доьзна а лецна, баху газето.
Цо дийцарехь, кхин шпионаш а хилла лаьцначу шинца юкъарлонехь. Цаьрга Оьрсийчоьно делла кеп-кепара царна аьттонаш кхачош тоьшаллаш а карийна Туркойчоьнан низамхошна.