«Доза доцу репортераш" олучу дуьненаюкъарчу организацино довзийтина пресса маьрша хилар хьокъехь ша бинчу талламан жамIаш. «Пресса маьрша хиларан индекс хIотош цу организацино таллам бина 180 пачхьалкхехь.
Оьрсийчоь цу талламехь дIалоцуш ю 148-гIа меттиг. Уггаре а маьрша зорбанан гIирсаш бу Европехь. Уггаре а пресса маьрша йолу пачхьалкхаш ю Финлянди а, Нидерландаш а, Норвеги а.
Дешан маршоца доьзна хьал тоделла тIаьхьарчу хенахь Тунисехь а, Украинехь а. Европерчу пачхьалкхашна юкъахь хьал вочу долуш ду Польшех.