ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана а бала хьоьгуш бо чернобылхой


30 шо ду Украинехь дуьненна кхерам а бохьуш зарраташ станци Чернобыл иккхина.

Чернобылехь иккхина бохам ткъе итт шо даьллачул тIаьхьа а лазаме ов детташ лаьтташ бу тахана а. Цигахь, и луьра эккхар бахьнехь кхолладелла «къаматде» дайдан, цуьнан зене, Iожаллинин ларш яйа, цу бохамна тIехIиттина Къилбаседа Кавказера орцахойн могIарш Чернобылехь лаьцна радиаци бахьнехь хIора шарна а хьокхуш,лилха дохуш ду Iожалло.

Иттаннашкахь, ткъаннашкахь багарло цигахь лецна лазарш бахьнехь белларш. Вуьшта аьлча, дийна бисинчел массехазза дукха бу дIакхехлхинарш. Цунна тоьшалла до нохчийн, суьйлийн, хIирийн векалша а, цхьайолчу кIошташкахь Чернобалан бохам дIаберзийнчу декъашхошна цхьайолчу кIошташкахь хIиттинчу хIолламаша а.

Масала, веллачун цIе тIе а язьеша дагалацаме хIоллам бу хIоттийна ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь, церан сий-лерамна цIе тиллинчу майданахь. Цу майданахь сан къамел деъна масех къоман векалца. Цаьрга ладоьгIча гучудолу пачхьалкх цхьаъ ларалуш елахь а,бен-бечу кIошташкахь чернобалхойн сий-лерам бар вуно чIогIа морзахе хилар,кхачо йолуш цахилар а.

Дерриге дуьне а хьере деш,Iадош 30 шо хьалха Украинехь иккхина бохам дIаберзо баханчу орцахойн дахар довза,церан Iедалхоша ечу тергонан дустарца мах хадо со кхаьчна Теркйист а, ХIирийн мехкан Мазалк а кIошташка.

Ала дашна, Мазалкехь дIакхелхинчу а, дийначу а чернобалцин лерам бар, уьш биц цабар лакхарчу тIегIанахь ду. Массеран а цIерш тIехь хIоттийна хIоллам бу «Роща» паркехь.

Циггахь дIабоьдуш бу гулам.Циггахь цу хIоллам юххехь деш ду ас хIара къамел а.

Шайна тIехIуттуш Iожаллин кхерам боллушехь цига гIоьнна баханчеран тахана Iедало бечу аьтто-гIоленан барам го цаьрца къамеле ваьлча.

Гулам марсабаьллачу хена беллачийн хьомара, церан сийнна тийналлин минот кхайкхира. ТIаккха сан къамел хилира Бойко Викторца. Цо дийцарехь, Чернобылехь хиллачех тахана 80 сов воцуш ву.

Виктор: «Тхо дисинчех 40 стаг цхьа тоба а кхоьллина тхайн бакъонаш ларьяйта а, вовшийн гIо дан а гIерташ ду. Наггахь бен гарра-м ца нисло тхан. Цхьаберш дегабаам бина резабоцуш бу,лартIахь пенсеш ца хIиттийнарш. Чернобылехь хиларна заьIапхошна луш долу ахча ца ло царна… Юьхьанца балхахь ду шаьш бохуш Iийна хIинца ца ло-кх…»

Цигга Мазалкера вахархо ву Чернобылехь дакъалаьцна Хазбулатов Муса. Кхузахь лерам бар муха ду шу аьлча цуо элира.

Муса: «ХIирийн мохк къе ма бу. Пенсеш-м жимма гIоле ду тхан Нохчийчохьчул масала. Амма кхечу агIор гIодар вуно ледара ду. 40 эзар сов догIу суна пенси. ХIокхунна, оццунна бохуш цунах а коржамаш йоху вуно чIогIа. Ахь гIодар хьахинчара ала ас. Малар хьех а кхетта,»тарсал» а лаьцна (белка) со лазарне кхаьчнера.

Сайн коч этIийна дагадогIу суна лоьраша.кхин хIумма а дага ца догIу. Сан зуда дика а хьаьвзина со валанза ваьлла. Хьан ахча дацахь дац лийр ву-кх хьо доцца аьлча…»

авари,ХIирийн махкахь ишта ду чернобалехь хилларш ларар. ХIуъчара дийцарехь кхин а лахара ду и тIегIа Нохчийчохь. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Черболехь эккхар нисделча, белхоша лаьцна радиаци юстуш дозиметр болх бина Iиса. И ву дуьйцуш шайна Iедалера хуьлчу гIоьнах.

Тахана 30 шо дуьзна дерриге дуьненна а халонга даьлла эккхар Чернобылехь нисделла. Эзарнашкахь багарло и бохам берзо орцахбевллачарлахь белларш. Ма-дарра аьлча дийна бисинчаьрца буьстича белларш шозза-кхузза сов бу тахана.

Амма Iожалло лацанза биснарш дукха бацахь а Iедал ларалуш дац низамо ма хьоьхху церан хьаш-дезарш листа.

Бакъдерг аьлча цара кхин дIоггара са а ца туьйсу и гIо хиларе. «КIордина сатийса»-боху царех дIа хьавинччо.

XS
SM
MD
LG