Бексултанов Муса. Iаки. (2 дакъа)
Цу буса ас наб ца йира. Суна гIенаш гира цу буса, Iакис дуьйцуш мел хезнарг гIенакхоьлахь карла а долуш. Суна хьун гира, ло, жIаьлеш а, хотешкахула тилавелла суо а, некъ гойтуш Iоьху къиг а.
Со нанас Iуьйрана ишколе ваха самаваьккхича, тIаьхьадевлла кеманаш а долуш, ведда воьдуш вар-кх со, гихь ахчан гали а долуш.
ХIума яа, бохуш, нанас чехошшехь, дукха сиха ишколе хьаьдира со, тхайн берашка кхаъ баккха. Массо а суна гонаха вара, дийцахь-дийцахь, бохуш, хIорамма а шеца дIасаийзош. Ас дуьйцура, ас Iакис санна дуьйцура, цо санна, гIазкхийн дешнаш а кхуьйсуш, балда а сеттош, Магадан а, банк а, старушка а, къиг а юьйцуш.
Урокана горгли бекча, корашна улло хевшира тхо охьа, нагахь Iаки гучувалахь, иза шен-шена хьалха ган лууш.
Iаки вацара; вуьйш кIентий а ца гира тхуна, даим цуьнца хуьлуш болу. Уьш сарахьуо гуллуш хиллера – суна хIинца хаьара иза, – малхбузаран хенахь, кино дIайолаяла ши-кхо сахьт тIаьхьа долуш.
Ишколера цIавеъча, вада аьтто лоьхуш, чохь а, арахь а дIаса а хьийзина, IиндагIаш дикка охьалестича, ненан бIаьрг а тилабалийтина, ведира со, воьддушехь эвлаюккъе а воьдуш.
Уьш берриш а цигахь бара. Со Iакис дIавийхира: волчонок, поди сюда! – олуш. Тхо дерриш а кхура кIел дIадахара, селхана тхаьш хиллаче.
Iаки зуда йоцуш хилар юкъаделира, къанъеллачу нене хьажа нус оьшура, аьлла.
Iакис корта ластийра, аьтту куьйган хьажо пIелг, цхьамза санна ирх хьош, дIаса а ластийна.
– ХIун до ахь, так нельзя, один ты… чохь а, кертахь а зуда ма оьшу, – элира зуда хьахийначо.
– Не могу, кIентий, не могу предать ее память! Сан да-нана хьакхийца далла, дац, такую не встречу больше, – Iакис байн корта ластийра, – бог дважды не дает счастье, – олуш.
– Вай, мила ю иза, ва Iаки, сел чIогIа хьо дакъазваьккхина йолу, йийца мегаш яц иза! – чукхоьссира дехьа-сехьара, хIинца цхьа Шехерезада хир юй хуш, массо а тIе а гулвелла.
– Я ее встретил в далекой Сибири, в деревушке одной… ребенок был в косичках… хьанна моьттура, что она заполнит мою бродяжью душу до краев…
– Вай кханнехь цига дIа а дахана, цу Сибрех…
– Нет ее… умерла она, на моих руках скончалась, – Iакис доккха садаьккхира, – цигаьрка, – олуш, куьг схьа а кховдийна.
– Надо ее помянуть, – цхьамма аьлча:
– Нет, не надо! Не смейте мешать ее память с водкой, память ангела! – Iаки сецира, цигаьрканах кIур боккхуш, букъ кхурах дIа а тоьхна.
– Когда я вышел с очередной ходки, Магаданера деши а даьхьна, на разборки меня туда пригласили, в глуши, вдали от продажной власти… сходняк был воров… там я ее и встретил на ее беду…
– На беду хIунда ду иза, ва Iаки, дика дац, хьо цхьанна иштта везаш хилча, это же как талисман, не так ли? – хаьттира вукхара.
– Я приношу людям горе, одни беды от меня, особенно любящим меня женщинам… так вот, да, кхаа дийнахь, кхаа бусий – ни сна, ни отдыха, – и дов а хаьттина, распределив всем по области, сайна Магадан а юьтуш, тхо арадевлча, цхьа бер ду-кх новкъа схьадогIуш, девчушка маленькая, вот такая, – Iакис куьг лецира, йоьIан дегIан локхалла гойтуш, – глаза синие, огромные-огромные, в пол лица: угощайтесь, ягоды! – бохуш, кад соьга схьа а кхийдош. Хотел отвернуться, иза сайн бIаьра ца хьажийта, цунна хиндерг хууш… успела бедная, на свое несчастье поймать мой блуждающий взгляд, и упала намертво.
Лор а, больница а,знахарь а – ничего не помогает, метта ца йогIу-кх.
– Что с ней, доктор? – ас хаьттича:
– Вы ей нужны, – эли соьга лоьро, ваша ласка… поцелуйте ее нежно, – аьлла.
– И, точно – как в воду глядел, – ас беснех куьг Iуттушехь, «ахI» олуш, меттаеа-кх йоI, лоп-лоп, аьлла шен и боккха ши бIаьрг а тоьхна.
Нана хьастаели соьга чIогIа, йоIан нана, сан да-нана, хьакхийца далла, дац, прямо слезами исходит, будто водопад.
– Мать, – эли ас цуьнга, – Мать, бродяга я шухерный, и нет места на земле, чтоб успокоить мою неуемную душу… одно зло от меня, прошу вас, мать, я вас прошу, берегите дочь свою, спрячьте ее, закройте, чтоб она никогда больше меня не увидела…, – ведира со цигара, пришлось мне убежать, чтоб спасти еще одну меня любящую жизнь.
– Ахь елла ма элира иза, Iаки…
– Да, кIира даьлча ду-кх цул тIаьхьа, нийсса кIира даьлча: она умирает, приезжайте, прошу вас! – аьлла, йоьIан нанас соьгара телеграмма яийтича. И я,что есть мочи, да-нана хьакхийца далла, вертолет а, кема а, машен а, – нийсса ши сахьт даьлча – верите или нет – цуьнан чохь вар-кх со, цунна уллохь лаьтташ: умирает она, спасите! – тIеетталуш и декъаза нана а йолуш. Жима чоь ю, дехьа-сехьа ши маьнга а лаьтташ, ши кор а ду суна гуш, цу корашна юккъехь стол а. Цу столана лакха, шина кора юккъехь дIатоьхна кхозуш сан портрет а ду-кх.
– Что с тобой, родная! – ас схьа мараюллушехь:
– Умираю от любви, – олуш, са дели-кх мискан сан карахь.
Я заплакал. Я заплакал впервые в своей жизни, сан да-нана хьакхийца далла, дац, мать моя женщина, хIуъа а тIекхачарх – а сколько же было! – вилхина воцу со, как баба, верите, ручьем текли слезы, прям как из бочки, будто небо опрокинулось. Похоронил я ее! – элира Iакис, тхан бIаьра а хьаьжна. – Мир не знал таких похорон и не узнает никогда больше: вся братва съехалась с Италии, Америки, от Магадана до Сибири, от Москвы до Питера, от Казахстана и Грузии. Столы ломились, шампанское лилось рекой.. телеграммы со всех концов света: Аль Пачино, Гойко Митич, Жан Марэ, Шон Коннори, Чак Норис, Ален Делон, Володя Высоцкий, Бриджит Бардо, Софи Лорен, и Леди Ди… Мармаран чурт дуьйгIира ас цунна, Мисарара даийтина: «умерла от любви», – аьлла, дешица дешнаш а яздайтина чуьрта тIе.
На десятые сутки, исс дийнахь-бусий и тезет дIа а ерзийна: хьуо дийна мел ю и каш Iалашделахь со свежими розами, аьлла, йоккхачу стаге банкан счет дIа а елла, где общаг будет ей перечислять деньги, приехал я оттуда с разбитым сердцем, – Iакис аьлча:
– Иштта хаза яра иза, Iаки, ма чIогIа йоI хила еза-кх иза, хьо сел холчахIоттийна йолу! – шега аьлча, аьрру белшаш тIера нуьйдарш дIакхуьссуьйтуш, – кучан кач схьа а тоьхна: вот ее портрет! – Iакис сурт гайтира, шен белшаш тIера зудчун сурт.
Сурт жима дара, лергана лахуо хадийна мас а йолуш, мара ирх а хьаьвзина.
Бухахь дог а дара диллина, юккъехула чекхбаьккхина цхьамза а болуш.
Массо а цецвелира, маттаца цIок-цIок дарца, суьрте а хьоьжуш.
Iаки гIайгIане гуора, вист а ца хуьлуш, хьажар паналле а доьгIна.