Оцу шина гIалина юккъехь 17 чаккхарма ю. Марафонехь дакъалецира тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш. Иштта бовдачашлахь бара заьIапхой а. Хьалхара меттиг яьккхинчу Воронежерчу Попов Сергейна совгIатна елира "Хендай Солярис" машен. Маршо Радион фотокорреспондент а хилира хьовсархошлахь.