ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрдоган терроран хIу дайа лерина ву


Шинарийдийнахь Истамбулехь 11 стаг а вуьйш, 36-нна чевнаш еш эккхийтар диначул тIаьхьа Туркойчоьнан президента Эрдоган Тайипа журналисташка дIахьедар дина, терроризман хIу даллалц дуьхьал къийсам латтор бу ша, аьлла. Истамбулан губернаторо Шахин Васипа дийцарехь, байинчарлахь Туркойчоьанн 7 полисхо а ву.

Болчу хаамашца, Стамбулан университетна гергахь Iуьйранна машенчу йиллина бомба эккхаш, улех тIехъйолу полисхойн автобус а йохийна. Кху сахьташкахь зулам хиллачу меттигна гуо а лаьцна, инарла прокуратура ю талламаш беш. «Кеста эккхийтардинарш гучубевр бу», аьлла, тешна ву Туркойчоьнан президент Эрдоган. Туркойчохь тIаьхьарчу заманчохь масех эккхийтар дира радикалан исламхоша а, ДаIиш тобан агIончаша а, ткъа иштта курдойн сепаратисташа а.

Царех уггаре а къизаниг дахначу шарахь хилира – хIетахь Хонкарахь машаречу демонстраце арабевллачу нахана юккъехь динчу эккхийтарехь 100 герга стаг вийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG