Орган чIожехь Улус-Кертан уллера цхьа гуна тIехIоттор йолуш ю и жIара. 776 лакхалла аьлла цIе ю цунна оьрсийн эскархоша тиллина. Ша жIара кийча ю Псковера Нохчийчу схаьеъчхьана.
Цуьнан лакхалла 3 метар, йозалла-9 тонн ю. ЖIара йина ю мокхаз тIулгех. Цу тIехь язйина ду «Ника». Грекийн маттахь «Толам» бохург.
Нохчийчурчу Iедалша къобал дина, салтий беллачу меттехь жIара хIоттор. И меттиг цIанъян а, минех паргIат яьккха а, кхин дIа лела а еш, латтор а тIелаьцна. ЖIара дIахоттор тIедиллина, хаамийн гIирсаша бахарехь, Оьрсийчоьнан тIеман-историкан юккъараллан меттигерачу декъанна.
Нохчийчохь и жIара хIоттор ю аьлла хаам дика тIе ца оьцу юккъараллехь. Бусулба нах бехачу меттехь иза оьшуш яц бохуш дийцира Ножай-Ютан кIоштерчу вахархочо Ибрагимов Сайпудис.
Ибрагимов: «Бусулба нахана ца еза-кх шайн махкахь и жIараш хIиттор. Москох а, кхуза цIахь а хIунда ца хаьа иза? Вай хIинца а Iаш ду Чапаевн а, Карл Марксан урамехь, церан идеологи нийса яц аьлла кхеташшехь. Иза а магадо ас. Амма жIара хIоттор бусулба махкахь ас къобал деш хIума дац».
Нохчийн лаьмнашкахь, цхьана гуна буьххехь доккха жIара хIоттор ю аьлла, хаам баьржина оршотдийнахь. Иза ларамаза дуй-даций хаац, цхьана нисделла Петарбурхахь, меттигерачу тIайна Кадыров Ахьмадан цIе ма тилла аьлла бахархойн митингаца.
Цигахь цара хIоттийна кхайкхам 76 сов эзар куьг а таIош, цунна шаьш духьал ду аьлла. Нохчийчохь ца кхета лелочу шалхенех. Нохчийчу жIара хIотто мега, ткъа, Петарбухахь тIайна Кадыровн цIе тилла хIунда ца мега, бохуш дуьйцуш вара Теркйистан кIоштан вахархо Ильясов Муса.
Ильясов: «Нохчийчохь бусулба нах бехачу меттехь жIара хIоттош хилча, хIунда мегаш дац Петарбухахь Кадыров Ахьмадан тIайн цIе тилла? Цуьнан цIе ас Москохарчу ЦIен майданна а туьллур яра. ХIунда аьлча, иза хьалха а ваьлла, цо доккха гIо а лаьцна тоьлла Оьрсийчоь Нохчийчохь».
Нохчийчуьрчу тIемашкахь я эккхар хилла, я герз тоьхна эскархой беллачу метте жIараш хIиттош Iедал ду. Некъаца хIинца а ду уьш, кесст-кесста керла зезагаш а долуш хьалхахь.
Юьхьанца уьш дIадохура меттигерачу бахархоша. Ца дохура беллачеран хIуьттаренна. Бусулба динехь магош доцу дела. Юха и жIараш дIахитто кIорда а дина, царна буха минаш йохкура эскархоша.
Улле и кхерам бу аьлла йоза а ца дуьтура. Изза ма хилахьара Орган-чIожехь дIахIоттор йолчу жIарана а, аьлла, кхин дIа а дийцира Ибрагимов Сайпудис.
Ибрагимов: «Цхьацца туьйранаш юккъе а дохзий, Павлик Морозов, Гастелло, Космодемьянская Зоя санна хIума леладо. Иза а дуьту ас. Амма жIара хIунда хIоттош ю кхузахь? Иза, кхин хIума дацахь, лело а, ларъян а ца еза?».
Официала хаамашца, Псковера десатнхойн 6 ротера 90 стагах 84 веллера 2000-чу шарахь Улус-Кертан уллера гу дIалаца гIертачу, массийта эззар тIемалочунна дуьхьал тIом беш.
Цара гайтинчу майраллица веллачу 22 салтийчунна-Оьрсийчоьнан турпалхо мидал елла, 69-на майраллийн мидалш. Дийна висина оцу ротера ялх стаг. Кхечу, шаьш оьрсийн журналисташ бинчу талламца тIемалой а оццул дукха ца хилла, ткъа и эскархой байина, яккхий тоьпаш еттачеран а, царна нийса омар ца деллачу Ханкалара инарлин омар бахьнехь.
Оцу десантхойн сийна лерина Соьлжа-ГIалахь цхьана урамна цIе а тиллина массийта шо хьалха.