90 эзар сов полисхо ву кху деношкахь Францехь гIаланийн урамашкахь кхерамазалла ларйан яраваьлла. Царел сов вуно дукха волонтераш а бу, къепе ларорна тидам беш, кIирйелла болх беш къайлах сервисаш а ю, урамашкахь маьI-маьIнехь видеокамераш ю, вогIу-воьдург тергалвеш. Францин бахарахойн доларчу дахарна тIехь терго латторах, аьлча, церан телефонашкахула дечу къамелашка ладогIарх, церан зIенаш хьаьнца-маца хилла бохучух хаарш телезIенаш операторш дIа а ца йойъуш, муьлххачу а хенахь Iедалхоша дIаехча, кийча латторх долу низам Европехь уггаре а шогох дерг ду. Францехь, кхиндерг хIуммаъ ца дийцича а, даханчу шеран лахьан баттахь дуьйна чолхе хьолан раж ю кхайкхина, бахархойн маршонаш хедош, Iедалхойн маршонаш йостуш ю. И дерриге а Iедало террорхошца къийсам латтор кхиаме хилийта оьшу бохучу бахьанца чекхдаьккхина ду. Амма цу доллучо а террорхошца къийсам латтор кхиаме деш ца хилар го къаьсстина тIаьхьарчу кху деношкахь, Европин футболан чемпионат тIеоьцуш йолчу Францина тIе шайн хьажар дерзийначу дуьненна а. ХIунда аьлча, нагахь санна террорхойн тобанашна я террорхойн боламашна дуьхьал полисхойн ницкъ а, говзалла яккха йиш елахь, муха хIун ницкъ боккхур бу цхьанна а тобанца зIенехь а воцуш, экспертийн маттахь аьлча, ша шена радикализаци“ йина волчу, цхье-цIенчу стагана дуьхьал? Муха къастор ву урамашкахь дIасалелачу эзарнаш адамашна юккъехь адамалле цабезаман идеологин дIавш мелларг, дуьне интернетерчу пропагандин бIаьрсенашкахула бен ца гуш верг? Ткъа, хетарехь, ишттачех хилла оршот сарахь Францерчу Маньанвиль гIалахь цкъа хьалха урс диттина полисхо а вийна, цул тIаьхьай цуьнан цIийна чу а иккхина, цуьнан зудий, кхо шо долу берий закъалт а лаьцна, жимма тIаьхьа иштта урс диттина и зуда а йийна волу 25 шо долу Ларосси Абал. Мила ву и Абал аьлла талла гIоьртича, цецвоккхург ду, цуьнан биографи кхечу Европерчу джихадхойн а, ДаIиш тобан агIончийн а биографех дукха тера хилар, масала, Белгехь заздоккхучу баттахь эккхийтарш динчу террорхойнчарах. Иштта, уьш санна, масийттаза къоланаш а, куталш а лелорна, лаьцна хилла ву и жимстаг, ткъа 2013-чу шарахь кхо шо хан а тоьхна чувоьллина хилла иза, джихадхошца уьйраш лелорна, амма набахтехь ах шо даьккхинчул тIаьхьа хенал хьалха аравалийтина хилла Iедало. Бакъду, араваьлчул тIаьхьа а полицино шен тергонехь латтош хилла Ларосси.
Ша вийна полисхо а, цуьнан зуда а, закъалт лаьцна бер а лайв режимехь Фейсбук чохь гайтина цу жимчу стаго, ша ДаIиш тобанера а ву, ДаIишан куьйгалхочо Халип БагIдадин омрица араваьлла а ву ша, бохуш. Ларосси амма цкъа а БагIдадица зIенехь ца хиларх шеко яцахь а, ткъа цо ша нахана хьалха мехалох хетийтархьама иза аьлла делахь а, ДаIишан тIеIаткъамца и стаг араваьлла хилар го и террорхо, ДаIишан чаьлтачаш санна, маьттаза цIийнан ритуалаш езаш хиларехь, ша йеш лаьтташ йолу къизалла лайв режимехь нахана гайта а гойтуш.
И санна болчу шайх „цхье берзалой“ олучу, тобанехь а боцуш, шаьш шайгара арабевллачу террорхойн талоршана хьалха гIорасиз ю полици а, къайлах сервисаш а, цу сервисаша юккъедаьхна долу керла шога низамаш а. Ткъа маьршачу бахархошна ишттачу хьелашкахь дуьсург, и санна адам шайн дуьхьал ца кхетаре сатийсар а, ка ма-доллу ларлуш хилар а, амма коьртачу декъехь – кхерам бу.
Кхерам вуно дика бевза Парижан яхархочун Дадаева Румисина. ХIора дийнахь университете деша дIа-схьа яхаезаш йолу иза футболе хьовса гулбеллачу нахана уллехула йийла еза. Ткъа террорхоша шайн тIелатарш нах гуллочу меттехь деш хиларна, цигахула тIех массоза йолу тамашийна синхьаамаш хуьлу шен бохуш дуьйцу Румисас.
Дадаева Румиса: „Даккхий экранаш хIиттайой, футболе хьовса гулбелла нах хулу со университете дIаса йоьдуш. Царна уллохула тIехйала кхоьру со. Йоьдучу дIакхаьчча оцу сохьта сайн дега-нене телефон туху, со могуш -маьрша дIакхаьччийла хаийта. Кхин хIара аьлла цкъачунна хилла хIума-м дац, амма телевизион латийча, чу чохь даима а террорхойх репортажаш хуьлу, тIаккха чIогIа цхьа кхерар кхоллало, паника а йолу. Сихха чекхйалахьара хIара чемпионат бохуш Iаш ду-кх тхо“.
Цу юкъана кхаари дийнахь Белгерчу къайлахчу сервисаша хаам баржийна, кесталгIа Францехь а, Белгехь а керла тIелатарш дан там бу ДаIишан агончаша, аьлла. Иштта Францин премьер-министро Валс Манюэла а дIахьедар дина, хетарехь, тIейогIучу хенахь керлачу теракташна кийча хила езар ю Франци, аьлла.