Деношкахь доккха сагIа даьккхира цара. Марха даста шайн хIусамашка кхача ца кхуьучу нахана дIасадийкъира некъаца шийла хиш, марзолгаш. Ткъа маьждигчохь хIоттийнера бовхачу кхачанах шун.
"Хайра" - сагIа доькъу тоба
Хьалха-Мартанарчу Ахмадов Минкаила шен накъостийн тобанца нахера бедарш а, кхача а гулбеш, мискачу нахана юха и дIаса а боькъуш кхоьллина "Хайра" фирма шоръелла.