ТIехьа-Мартанан кхело Сунжа-кIоштарчу 20 шо долчу Гайтемиров Шемилна а, 22 шо долчу Джамалаев Сидикъна а гIаттамхошца уьйраш тасарна бехкевина, хенаш кхайкхийна.
ГIуллакхийн доллу некъаш теллинчул тIаьхьа Гайтемировна 1 шо 6 бутт, Джамалаевна 1 шо 2 бутт хенаш а тоьхна, набахте хьовсийна. «Кавказан узел» агенталле прокуратуран белхахочо бина и хаам.