Iамеркин президенто Обама Барака Кхаарин дийнахь телефонехула къамел дина Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца, цуьнан дехарца. Цунах лаьцна хаам бина Кремлан зорбан сервисо.
Цу хаамца а догIуш, Путина дийцина Ломара Карабахара конфликт дIаерзо кхоьллинчу Минскерчу тобанан гIаьнтдех цхьаъ волчу Iамеркин президенте Мангал-беттан 20-чу дийнахь Петарбухехь Азербайджанан президентаца Алиев Илхамца а, Эрмалойчоьнан президентаца Саргсян Сержца а шен хиллачу цхьаьнакхетарх лаьцна.
Iамеркин президентан зорбанан сервсисо бинчу хаамца, Обамас билгалдаьккхина Шемахь Асад Башаран Iедалшна цу махкахь герз деттар сацош Оьрсийчоьно Iаткъам бар мехала хилар.
Iамеркин президенто хаам бина шена мехала хеташ хиларх лаьцна тIемаш сацор хьокъехь бина барт ларбар. Шина президенто юха а хаийтина шаьшшиъ "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна тIехь толам баккха дагахь хилар. Обамас кхайкхам бина Путине Украинин малхбалехь ницкъ бар сацор Iалашонца гIулчаш яха аьлла.