ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьший кавказхошна ГIирма?


Кхеташ ма-хиллара, массарел а хьалха ГIирма Къилба федералан гонах Путина дIатохарна духьал протест кхайкхийнарг Киев ю, аьлча а, Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралла.

Ткъа Украина йоцург, кхечу мехкаша а дIахьедина резадацар. Масала, Эстонино. Цигарчу дипломатин урхалхочо Кальюранд Маринас аьлла, «дуьненаюкъара низам а, Европан Бертан принципаш а талхош, аннексица яьккхина ГIирма Оьрсийчоьно шен Къилба федералан гонах дIатохаро саготтайина Эстони».

Путинан пресс-секретара Песковс иштта легабо Путинан сацам: «Цигахь а, цигахь а цхьабосса ю кхиаман гIулчаш, цхьатерра проблемаш ю, маьIна гина цундела уьш вовшахтоха, царах ден урхалла эвсардаккхархьама».

ГIирман федералан го кхайкхийра 2014-чу шеран бIаьста, иза Украинера дIаяккхарцана. Ткъа Къилба федералан го кхоьллина 16 шо ду. ХIинццалц гонан декъахь яра Адыгей, ГIалмакхойчоь, Волгоградан, Астраханан, Ростовн, Краснодаран мехкаш. ХIинца цунах кхетта ГIирма а.

Путинан гIулчаш къобалъечарна мега цо шеггара Оьрсийчоьнна ерзийна ГIирма муьлххачу а регионах дIатоьхча а. Ткъа муха го, и мохк бахьанехь дуьнено Оьрсийчоьнна экономикан санкцеш кхайкхийна а лаьтташ, Путина дина омра цуьнан критикашна?

Шен политикан хьажам бахьанехь, Iорадахарш а хьайна, Iедало хьийзояккхича, Оьрсийчуьра едда еха Киевехь оьрси Курносова Ольга. Цо массех хаамийн гIирсехь даржийна, шена стенна ца тов ГIирма Къиба федералан гонах дIатохар. Дийцира Маршо Радиона а. Ша кхидерг ца дийцича, оьздайоцуш лору и гIулч, боху диссиденто.

Курносова: «Уггаре хьалха иза политикан гIулч ю, оьздангалла гойту гIулч. Юьхьанца ГIирмина аннекси йича, кеп лелайора и мохк Оьрсийчоьнна шатайпа беза буйла гайта санна, ша латта федералан го бу, шенна финансаш латтайо, бохуш. Ткъа хIинца иза кхиберш санна могIара мохк бу. Премьер-министро Медведевс ма-аллара, дац ахча, ткъа шу шайна ма-торру дахарх тийсало. Оцу темин тIаьхаьло ю-кх хIара.

Цул совнаха тидам бел аш, кадраш муха дехьа-сехьа кхуьйсу. Масала, Севастополан губернаторна Меняйлона ша президентан омрица Сибрех ваха везаш вуйла журналисташкара бен ца хиина. Нах нах а боцуш санна хьийза нахаца.

Халахеташ делахь а, даима дерриг ду, Кремлан хатI ду-кх ишта».

Иштта хета Оьрсийчуьра, и шен даймохк а битина, Украине дIаяхана ехачу оппозиционерна Курносова Олгина.

Кхеташ долчу бахьанийца, кавказхойх, я Нохчийчуьра, кIезиг карабо парггIат хетарг эфире даккха хIуьтту политикаш я юкъараллера жигархой.

Дохийначу Ичкерин Iедалан Лондонерчу лидеро Закаев Ахьмада хадабе мах бац Европерчу политикаша хадочух къаьсташ. Цунна хетарехь, ша лачкъийна хIума стенгахь къайлаяккха еза ца хууш хьийзачу къуьно санна бина Оьрсийчоьнан президенто ГIирма Кавказах тосу сацам.

Нехан мехкаш цхьацца мехкех дIаэбар, иза бахьанехь къаьмнашка дуккха а шерашкахь сагатдайтар, латта къовсуш юха къаьмнаш вовшахлетар – иза дайна а, гуш а сурт ду Оьрсийчохь. Масалш шайн кавказхойн а ду дало ма-торру.

Оццу коьрталазамна тIекхетта коьрталазам бу хIинца ГIирма а, цхьаболчара бахарехь.

Ткъа Оьрсийчоь лаьттанех шоръелча, цуьнан ницкъ совболу аьлла хетачу нахана ца хета ишта. Царна тов Путинан некъ. Бала а бац, хьенан Iена бIаьрхиш шайна хиллачу томах.

XS
SM
MD
LG