«Исламан пачхьалкх» олучу тобанашкара Манбидж гIала дIаяьккхина пIераскан сарахь Шемарчу оппозицино, хаамбина Рейтерсо. Асад башарца а, ДАIИШ-ца а къийсалучу тIеман тобанийн векало Дервиш Шарфана хаамбина, ши эзар гIалин вахархо мукъаваьккхина шаьш, аьлла. Манбидж паргIатйоккхуш дакъалаьцна Iаьрбех а, курдойх а лаьттачу тобанаша, ткъа царна гIодина Iамеркан Штатийн авиацино.