Туркойчоьнца юкъаметтигаш меттахIотторехь гIо дарна Казахстанан президентна Назарбаев Нурсултанна баркалла аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, шаьшиннан Сочехь хиллачу цхьанакхетарехь. Туркойчоьнца Москохан уьйраш хадаро Iаткъам бора шайн пачхьалкхна а, элира Назарбаевс шен жоьпехь.
«Хьуна ма хаъара, тхан а ю Туркойчоьнца зIенаш. Шун иккхинчу конфликтехь оха Кремлан агIо лецира, хIетте а соьгара цхьа пайда баьллехь шун юкъаметтигаш денъяларехь, со воккхаве», аьлла Назарбаев Нурсултана, Кремлан зорбано бахарехь.