ДаIиш тобано шинари сарахь шен официала медиум лоручу Амакъ агенталлехула баржийначу хаамца, цу тобанехь уггаре а мехалохчу куьйгалхойх цхьаъ волу ал-Iаднани Абу Мухьамад вийна кху деношкахь Шемарчу Алеппо гIалин гена доцучехь.
И хаам цкъа хьалха террорхоша шуьйра пайда оьцучу Телеграмм цIе йолчу социалана машанехула, цул тIаьхьа Твиттерехула зорбане баьккхира цара.
Цкъачунна Iаднанин кхалхар билгал муха хилла хууш дац. Цхьаццадолчу хьостанаша, иза а, цуьнца цхьаьна кхин а пхи стаг а Iарбойн пачхьалкхаша ДаIишна дуьхьал кхоьллинчу коалицин декъа йолчу Мисрин хIаваан эскарша тоьхначу ракетин даьндарганах велла бохуш чIагIдо.
Шаьш террорхойн векалша, ал-Iаднанин кхалхарх лаьцна дуьйцучохь яздинера, иза Алеппо провинцехь боьлхучу тIемийн видео йоккхучехь вийна аьлла. «Делан лом санна дIакхелхина шейх. Шен кхалхарца иза шел хьалха байъинчу бусалбачийн куьйгалхойн ковранах дIакхетта.
Цунна валар дахарал дукхаха дезар. Шейхан цIийно джихадан чкъор шайн къийсамехь кхин а чIагIдийр ду» -аьлла.
Ткъа мила вара-те ДаIиш толлучара массара а цу тобан коьрта идеолог лоруш хилла волу, цуьнан багара долу хIора а дош лардечу ДаIишан агIончаша ларамца шех шейх олуш хилла волу, ткъа ша шех Халипатан пресс-секретар олуш хилла волу Абу Мухьаммад ал-Iаднани?
Цуьнан бакъйолу цIе Фалахьа Таха Субхи яра, ткъа Абу Мухьаммад ал-Iаднани цо шена хаьржина цIе яра. 1977 шарахь вина волу иза шайх ванне а вацара, я бусалба дешар дешна а вацара. Шемарчу Бинниш гIалахь вина волу иза 2005-чу шарахь дуьйна Иракъерчу тIемалойх дIакхеттера.
2008-чу шарахь Iамеркахоша лаца а лаьцна, набахте воьллича, цу чохь вевзинера цунна тIаьхьо ша шех Халип олун долу Абубакар ал-БагIдади, аьлча а, бакъйолчу цIарца аьлча, Аввад ИбрахIим. Ткъа иштта карарчу хенахь байъина болу а, дийна болу ДаIишан цхьамогIа куьйгалхой.
ДаIиш кхоллаелча дуьйна схьа цу тобан официалан аз а, цуьнан идеологи еш волчех цхьаъ хилла схьавогIуш вара иза. Масала, ал-Iаднанис юккъе даьккхина ларалуш ду ДаIишехь тутмакхашна туьркийн басахь обанаш а йоьхна, царна камершна хьалха арсаш хьекхар а, хIораза а керла-керла къизачу кепехь йийчархошна таIзарш дар а, уьш кино йоккхуш санна шоу а еш, байъар а.
Иштта ал-Iаднанис юккъебаьккхина ларалуш бу цIарна цIеяхана болу даIишхойн «давлатул исламиййа бакъия» боху мохь а, ингалс маттера «форевер» бохучу даштIера схьаэцна ду и «бакъия» бохуш дош, нохчийн матте даьккхича «даимна а» бохург ду. Исламан пачхьалкхе даиманна а» бохучу маьIнехь. Кху шен гIарйаьллачу аудиокхайкхамна тIехь Iаднанис ша и мохь ма беттара.
Ал-Iаднани: «Массо а ямартхошна, сектхошна хаа деза, массо а жуьгташна а, керистанашна а, массо а сякуляристашна а, коммунисташна а, атеисташна а, боьхачу мушрикашна а, кхин дIа мел болчу динах хаьддачарна а, Исламан пачхьалкхе даиманна а юьсур йолуш ю. Даиманна а! Даиманна а!»
Ткъа бакъдолчохь хIун рол яра -те Iаднанис ДаIишан урхаллин хIиерархехь ловзийнарг? Мел эшам бу-те цу тобанна Iаднани санна волу гIарваьлла стаг вер?
Венерчу университетехь джихадхойн тобанаш толлучу Шмидингер Томаса, шена хетарехь, Iаднани вер ДаIишна мел эшам белахь а, амма цунна метта хIоттон стаг царна сиха карор ву бохуш дийцира Маршо радионе.
Шмидингер Томас: «Iаднани уггаре а хьалха арахьарчу дуьненца йолчу контактах жоп луш, пропагандина вуно мехала вара шаьш шайх Исламан пачхьалкхе олучарна. Иза церан официале аз санна вара. Ша шех Халип олуш волу Абубакар ал-БагIдади, ша Халипат дIакхайкхича дуьйна схьа шех Халип ИбрахIим олуш волу, юкъараллехь хIетахь дуьйна гучуволуш ца хиларна, Iаднани ДаIишан юхь-сибат санна вара.
Ша шех Исламан пачхьалкхе олучу тобан чоьхьарчу къайлахчу Iедалан структурашкахь и стаг мел мехала вар бохург — цунна тIаькхиа вуно хала ду, хIунда аьлча, бакъдолчехь, вайна шайхаллаш дар бен, билгал хууш кIеззиг ду цу тобанехь сацамаш тIеэцаран коьрта бакъо йолу персона муьлхарниг ю бохучух лаьцна.
Суна хетарца, цунна метта хIоттон стаг царна сиха карор ву. ХIунда аьлча, ДаIиш кхоьллинчу структурехь цхьа-цхьаъ функционер велла дIаваларх цуьнан меттиг дIалаца сиха кхинарг карво. Цундела, дера иза валар царна эшам бу, амма еххачу ханна уьш гIелбийр болуш хIума дац иза».
Цу юкъана, Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Пентагонан цIе ца яьккхичну векало Шпигел журнале хаам бина, шаьш Алеппо гIалин уллохь ракеташ тоьхна, лакхарчу даржера даIишхо вийна..