Маршо Радион корреспондента суьрташкахь гойту агитацино къарзйина Соьлж-ГIала а, бовзуьйту мехкан деца гIант къовсуш болу кандидаташ а.
Соьлж-ГIала кийча ю "керла" мехкан да харжа
Кху беттан 18-чу дийнахь Нохчийчохь хинболчу харжамашкахь къастор ву мехкан куьйгалхо а, нохчийн парламент а. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дош делла "дуьненахь цахиллачу кепара цIена, нийсонан харжамаш" дIабохьуьйтур бу ша махкахь, аьлла.