Израил, Абу-ГIош- Жабир Салиман хIусамехь. Дукха хан йоццуш юхаметтахIоттийначу цIа чохь жимма цатов шена боху цо, хIунда аьлча, хьешан цIийнан сонерчу пенах кхозучу Кадыров Рамзанан сурт бIаьрла ца хиларна.
«Туьйранашкахь санна хIуъа а далуш жимстаг ву иза» боху 25 шарахь Абу-ГIошан мэр лаьттина, 2013-чу шарахь даржах мукъаваьккхинчу Жабира, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Нохчийчоьнан урхалле хIоттийначу Кадыров Рамзанах лаьцна.
Пенах оьллина Кадыровн сурт дикка гуш хилийтархьама, киншкийн шкаф аьтту агIор дIахилайо Жабира, оха къамелаш дечу юкъанна.
Иерусалиман йистерчу баьццарчу баьрзлаш юккъерчу эвлахь ши шо хьалха хилира Кадыров. Къилбаседа Кавказаца уьйраш хила тарлучу эвлахь ша шен чоьтах дайтинчу маьждиге бIаьрг тоха веанера Нохчийчоьнан куьйгалхо.
Израилехь девзаш долу хумус даар къаьсттина дика кечдечу Абу-ГIошахь шира керстан килсаш ду, меттигерчу бахархоша дийцарехь, хIинца эвлахь маьждиг хиларо кIорггера цхьатерра синхаам ло, шаьш бусулба хиларан а, нохчех схьабевлла хиларан а.
Кху беттан 18-чу дийнахь мехкан да хоржучу харжамашкахь дакъа лоцучу Кадыров Рамзанан дог-ойла иракарахIоттайо Абу-ГIошан бахархоша, бакъоларъярхоша цо низамаш талхош, адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх арахоьцу артиклаш харц а лоруш.
«Кадыров дика адам ду, иза нийсачу, бакъахьачу новкъа воьдуш а ву. Цо дуккха а диканаш дина, Дала гIо дийр ду цунна» боху Жабиран хIусамнанас Абу Катиш Даллала.
Жабир Салима даржийна, Абу-ГIошахь деха доккха 4 тайп нохчех схьадаьлла хилар: шо хьалха шен белхан хIусаман неIаре Нохчийчуьра Iедалан векалш баьхкина, дозанал арахьа нохчийн диаспораш лоьхуш ву Кадыров, лаьий шуна шайн ДегIастаца зIенаш юхаметтахIитто, элира шега бохуш, дуьйцу цо.
Цхьа могIа Нохчийчуьра лаккхара даржхой баьхкира тхан эвла, боху Жабира, цул тIаьхьа нигат дира ша Нохчийчу кхача.
Шайн кема нохчийн махкахь охьадоьсича, сайн даймехкан лаьттах барт яьккхира ша.
Нохчийчуьрчу бахархоша со вехачу эвлара сайн лулахой карлабехира шена, боху Жабира.
Палестинерчу историко Манна Адела цхьа бух болуш хила тарло боху, Абу-ГIошан бахархой Кавказера орамаш долуш хилар.
Османан империно Иерусалимерчу Яффо бердан йистера коьрта некъ ларба хьовсийначу Къилбаседа Кавказерчу эскархойн тIаьхьенах хила куц ду и бахархой боху историко.
Шина тIамах чекхъяьлла, хIинца а меттабаза жима мохк бу Нохчийчоь. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа, бунтхо Кадыров Ахьмада Оьрсийчоьнца къийсам латтийна Нохчийчоь йозуш йоцу республика хилийта лууш, цул тIаьхьа Москохе вирзира, яздо авторо Чеслов Даниэллас.
Толаман Де ларалучу 2004-чу шеран 9-чохь Соьлжа-ГIалин стадионехь динчу эккхийтарехь вийра Кадыров Ахьмад. Цул тIаьхьа Путин Владимира шен кIант Рамзан хIоттийра куьйгалле бохуш чIагIдора исламан радикалаша.
Оьрсийчоьнал арахьа Кадыров вевза шатайпа кепехь: иза даим Путинна тIехIоьттина хиларца, цо махкахь шена резабоцурш къиза хьийзабарца, цуьнан дешех кхелина тапча лелорца, еза машенаш, иштта, говраш а цуьнан хиларца, Инстаграмехь жигархо иза хиларца.
Ткъа Кадыровн агIончашна хетарехь, цо синтеме боцчу махкахь маьрша дахар хIоттийна, тIемаша йохийна гIала юха денъйина.
Соьлж-ГIала ша визит йича шена делла совгIат гойту Жабира, лазеран аьнгалин суьртатIехь юхаметтахIоттийна Нохчийчоьнан коьрта шахьара.
Тахана Нохчийчохь йоьдучу политикехь Абу-ГIошан аз хеза Жабирна. Iаьрбойн израилхошца тIом боьдучу 1948-чу шарахь Абу-ГIоша жуьгтийн агIо лацар бахьаница, царна бакъо елира шайн юьртахь биса.
«Кадыров Ахьмада хьекъале гIулч яьккхира, боху Жабира,- Нагахь санна цо тIом кхин дIа а бахбинехь, хир яцара Нохчийчоь. Изза хир дара тхуна а, кхузахь а севцца, жуьгташца тIом бинехь, Абу-ГIошан доь хир дацара тахана».
Норхчийчоьнан лидерийн пусар дар хаало йоллу юьртахь а. ИбрахIим Фадин сэндвичаш юхкучу туьканан пенах а кхозу Кадыров Рамзанан а, цуьнан ден а суьрташ.
Ша шеконе дуьллу бакъоларъярхоша Кадыровс харцонаш лелайо бохург элира цо а.
«Ас ларам бо Кадыровн, суна дуккха а диканиг дина цо, боху ИбрахIим Фадина.
Ассошиэйтед Пресс агенталло а, кхечу хьосташа а хаамаш бора, Нохчийчоьнан куьйгалхочо 6 миллион делла Абу-ГIошахь маьждиг дан, бохуш.
Ткъа Жабира дийцарехь, 10 миллион гергга ахча дара и.
Кадыровс дIахIоттийначу маьждигах финансийн чот Израилан Iедална луш яц, гIоьналлин хьукматашна иза низамашца догIуш дац боху.
Израилан Оьрсийчохь хилла векал Маген Цви башха цеце а вац оцу дуьхье кхиича.
«Даим санна ду дерриг, маьждиг совгIатна дина ду, амма дац и совгIат Кадыровгара, Москохарчу Iедало дина ду» боху цо.
Израилан арахьарчу гIуллакхийн министралло цхьана а кепара бехк ца баьккхира Абу-ГIошан Нохчийчоьнца тасаделлачу гергарлонех.
Абу-ГIошан хиллачу мэрана Нохчийчоьнца зIе тасаро кIорггера синхаам бинехь а, иштта кхечу бахархошна гергахь, дIоггара дог ойуш хIума дац и.
«Кхузахь маьждиг нохчаша дайтале хьалха а хаьара суна, сайн дай Кавказера хиллийла, боху оцу юьртарчу 75 шо долчу Табита, - Нохчаша шайна бусулба динехь маьждиг дан лаьа элира, мегар ду, аьлла, оха пурба делира.
Абу Катиш Даллалас боху, шен боллу доьзал, йиша-ваша а оцу маьждигехь бисина и схьадиллинчу дийнахь дуьйнна.
ИбрахIим Фадинан гергарчу ИбрахIим Жавдата дийцарехь, иза цкъа а ца хилла суьпаллехь, амма керла маьждиг схьадилличхьана хIора рожехь шен 12 шо долчу кIантаца воьду ша боху цо маьждиге.
Дукха жимчохь дуьйнна доьзалехь шаьш нохчех схьадевлла бохуш дийцарш хиллехь а, цхьа а тоьшалла дац шен боху цо иза бакъхиларан.
Иштта бара Марша Радион корреспонденто Чеслов Даниеллас зорьане яьккхинчу материалан чулацам.