ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн журналистика ян а ярий, ян а юй?


ХIун хьолехь ю тахана нохчийн журналистика? Мел аьтто болу журналистийн бакъдерг дийца? Стенна ца хеза критика, хIунда ца яздо дош а нах идорах, бахархой ма-хуьллу махкара дIаэхарх, лаьттачу дуккха а проблемех? Жоьпаш ло оцу хеттаршна шаьш нохчийн журналисташа.

Кху деношкахь кхаа шарна набахте хьажийна журналист Гериев Жалавди. Стенна? Жоп лаха догIу цо ша болхбечу «Кавказан Узел» газетехь яздеш хиллачуьнца. Аьлча а, ца яздеш хиллачуьнца – Нохчийчохь х1оьттинчу хьоло ша хастамбан декхаре вечу куьйгалхошна суждане ихина вацарца. ХIинца иза гIелонах хьалхаваккха камаIарш туьйсу адвокато а, бакъоларъечу хьукматаша а.

Алссам нохчийн журналистийн аьзнаш хезар ду вайна. Амма бакъо яц Маршо Радион аьзнийн дай я цIарца бийца а, я церан аьзнаш ца хуьйцуш, ма-дарра даржо а. Бина иштта барт а болуш, резахилла уьш шайх а, шаьш санначу, кхечу, доьналла долчу нохчийн журналистийн а мотт стенна сецна, я стенна кхиберш еккъа цхьана Iедалан экъане бирзина, дийца.

Юьхьанца дериг дийца резахиллачу цхьана къамелхочун дехар. Хаийта, боху цо, уггаре хьалха хIара: «Нохчийчуьра хаамийн гIирсийн куьйгалхой перспектива йолчу журналистех кхоьру. Соьга сайга масситтаза аьлла директорша, редакторша, шайна ца лаьа хьо балха дIаэца, хьуна шайгара гIант деза».

Иштта хIара а даржор дехна оццу къамелхочо: «Доцчу бахьанийца балхара вохаво журналист. Масала, мехкан да ван везаче схьа а кхачале, цхьана хьостанан корреспондент гIента охьахиина журналисташ гулбинчохь, ког лозуш, ткъа цунна коллегас мотт тоьхна, хьаькамо иза балхара йохийна».

Къамелхочо ала тIедожийна Маршо Радиона кхин а. Цуьнан дешнаш: «Хьал кхета а деш, ситуаци лан а ца ловш, амма Iедална луъучу кепехь болхбар бен а ца дуьсурш бу, цара шаьш бакъдерг ца дуьйцийла а хууш бо и болх».

...КхидIа къамелхочо ехира махкахь тоьллачех хилла, амма хIинца харцонехьа бевлла аьлла шена хетачу коллегийн цIерш. Царех цхьаннан цIахь ловзаргахь хилира ша, кхийтира цомгуш йолу нана а, доьзал а дIатекхориг иза цхьаъ вуйла, цундела цунна а ца буьллу ша бехк, бохура Маршо Радионе къамелхочо.

Хьалхара журналист: « Яздинарг, кхеташ ду, редакторо толлу, хедадо. Хьаькамаш хесто бакъо ю хьайна ма-торру. Амма хьо нехан лазамаш бийца воьлча, хала ду болх бан. Политика хьаян муххале вац маьрша. Реза вацахь, мукъа ву балхах. Хьуна дIаваха дагадеана а далале карор ву хьан метта иттех».

Йозанца, газетца, журналца балаболучу муьлххачу а нохчочунна а, нохчо воцчунна а евзаш ю кху журналистан цIе. Дешан маршонах, дешан бакъонах, яздича хийцалучух а лаьцна иштта хилара тхан къамел.

ШолгIа журналист: «Маршо-м муххале а яцара. Цхьаъ цхьаьнхьа вадийна аьлча, тхо зIене довлу гергарчаьрца. Цара тхоьга дехарш до, дитахьара шаьш, ма дийцахьара, олий. Кхерам бу нахехь, массаьргахь а бу кхерам. Вуно хала ду болхбан. Ахь бакъдерг дийцича, хьуна хьайна иза бале долу, хьан гергарчарна а бо ахь хьайн бакъдолчуьнца бала».

Нохчийчохь цхьа а ирс-аьтто, я болхбан некъ ца карийна, махкара бевддачех ву рогIера къамелхо. Цуьнгахь похIма дуйла, журналистикан лаккхара ирхенаш яха кхетам а, таро а, хаарш а долуш иза вуйла нохчийн прессех дог лозучарна масарна а хаа, кхиберш а санна, цIарца вайн вуьйцийла дацахь а. Иза гIиртина къомана пайде хила, амма ца витина.

КхоалгIа журналист: «Со Нохчийчохь газета делла а гIиртина, телевидени йилла а гIиртина. Соньга хIетахьлерчу министро аьлларг дара, ца оьшу цхьа а хIума хьоьгара. …Сан дукха совгIаташ ду даьхна сайн балха тIехь, амма махкахь со санна маьрша журналисташ ца оьшу. Цундела со махках а ваьлла, со волучохь, массеран а ларам болуш, болхбеш ву».

Кхо некъ бу Нохчийчуьрчу журналистна хьалха: Iедална, аьлча а, цуьнан дайшна болхбан, ца беш чохь саца, я махках а ваьлла журналистикехь кхидIа аьтто леха. КхjалгIа некъ къастийначех ю махкахь вуно дика евзаш йолу хIара журналист а. Ца мегира цунна шен кхетам, шен мехаллаш охьа а ехкина, ша харц лоручу ларах дIакхета. Цундела иза Соьлж-ГIалина геннахь ю. Цунна иштта го махкарчу журналистикера хьал.

Воьалг1а журналист: «Iуьйранна балха а боьлхий, нахаца юкъарлонаш а леладой, уьш Iехош, аьшпаш а буьттий, чубоьлху журналисташ бу сан коллегаш хилларш. Эхь данне а дац. Сан юкъарло хуьлийла а дац ишттачу нахаца. Шайн аьтто хилчхьана, нахах хIуъа а нисделча а бен-башха дац иштачу «журналисташна».

Кхин цхьа агIо а ю йийца хьакъдолуш. Муха тIеоьцу журналист иштта схьаэцначу нохчочо. Иза мел ваьхьа журналисте дагара дийца? Къамелехь ву Европехь болхбен коллега. Цо ло хеттаршна жоьпаш.

ПхьоьалгIа журналист: «Со Европехь бехачу нохчашца болх беш хуьлу дукха хьолехь. Къамел дIаяздар-м цхьаъ ду, хьо видео яккха воллий, шаьш дIаязбан воллий хиича, бовду массо а. Стенах кхоьру, аш дуьйцург цхьана а кепехь хьаькамех хьакхалуш а ца хилча ахь аьлча, жоп ло, ца го хьуна Кадыровс Европерчу нохчашна туьйсу кхерамаш, тхан-м цIахь гергарнаш буй! Вуно хала ду нахаца болхбан, кхоьруш ву журналистах массо а».

Иштта ду Маршо Радион Нохчийчьурчу а, ца бевлла махкахбевллачу а журналисташца хилла къамелаш. Тема йисте йохьуш, ойлане даккха тору хIара хаттар: юй тахана нохчийн журналистика, хьакъ долу журналистика, бакъдерг гойту, дуьйцу, язден журналистика?

Цунна жоп а долуьйту оха Нохчийчохь телевиденехь болх а бина, кхидIа шена и тайпа болх хьайча, Европе ваха дIавахначу нохчийн журналисте. Цуьнаy къамел жамI деш нисделира кху вайн доццачу къамелан.

ЯлхалгIа журналист: «Нохчийн журнализм, журналистика - уьш янне а йоцуш ю. Iедална мотт хьоькхучу журналистиках олийла дац иза журналистика ю - иза еккъа пропаганда ю. Нохчийн журналистика яц. Амма хенан йохалла, эшначу муьрехь меттахIоттаялур ю, нагахь санна болх бойла доцуш бисинчу журналисташа шайн корматалла а Iалашъяхь, доьналлица а уьш бисахь».

Нохчийчохь я шех паччахь бохуьйтучу куьйгалхочух а ца тешаш, цунах дозалла а ца деш, ур-атталла, адамаша эзар шо хьалха санна, «паччахь» цунах баха а ца лууш бехачу нохчийн журналисташна иштта хета, го махкарчу хаамийн гIирсашкара а, цигахь болх бечу журналисташкара а хьал.

XS
SM
MD
LG