ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но шпион лаьцна


Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисо –ФСБ – лаьцна Петарбухара полицин полковник Кулаков Сергей, иза Iамеркан Штатийн хIаваан-десантан ницкъашна болхбеш ву, шпионалла лелош, аьлла. Штатийн 525-чу тIеман иччархойн дакъошкахь тIеман духарахь сурт карийна социалан машанашкахь Кулаковн, хаамбина «Фонтанка» газето.

Ткъа Кулаковс шеца къамел динчу журналисташка хаийтина, ша цкъа а хилла вац Iамеркан Штаташкахь, аьлла, амма «Фонтанка» газетано яздина, маситтаза а кеманца Штаташка воьдуш хаавелла, аьлла.

2004-чу шарахь милицехь болх бечура дIа а ваьлла, юхавеана иза 2009-чу шарахь. Ткъа оцу юкъанна хилла иза Iамеркарчу эскаршна болх беш, тешна ю Петарбухара информацин хьоста.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG