ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШахIид- Хьаьжа: "Шовданаш ца лекъна, гIиллакхаш лекъна..."


"Сан цIе Валид ю. Со нохчо ву. Сан 28 шо ду. Цхьа зуда йолуш ю, яло шолгIаниг лоьхуш ву. Лекхачу дегIахь ву со, таьIначу басахь месаш, бIаьргаш доIах басахь, жимма йитина маж. Грэплин олучу спортаца гергарло ду сан, юучунна дIоггара тIера а вац, белхан алапа юккъерачу барамехь ду.

Чоь юьззина бераш оьшу суна, цундела лаам бу сан шолгIа зуда яло. Сайна тайначу зудчун бераш делахь, уьш тIелаца дуьхьал вац со. Соьца Iаш сан да-нана а ду. Цундела со вехачу меттигера кхечухьа дIаваха аьтто бьац сан".

"Со Амина ю, сан 19 шо ду. Марехь хилла яц. Нохчо ю.

Доьзал кхолла стаг лоьху ас динца а волуш, 18 шарера 23 шаре ваьлла. Лекхачу дегIехь, дегIан йозалла 65-75 йолуш. Зудчунна тIе яха а ца лаьа я сайна тIе яло а ца лаьа. Хьиджаб лелайо, баьццарчу басахь бIаьргаш ду сан. Чекхъяккха ца кхиина со лаккхара доьшийла, деша башха лаам бац. Нагахь санна, сан даго къобалвинчу кIентан бер делахь, реза ю цунна наналла дан а".

ХIара ши анкета ю Ставропол кIоштарчу Бусулба Динан урхаллин Iуналлица кхо шо хьалха бусулба кегийчу нахана доьзал кхолла аьттонаш лоьхуш кхоьллинчу "Никях" сайтатIера схьаэцна.

БIеннашкахь бу оцу сайтатIехь мар лоьхучу 16 шарера 45 шаре бевллачу зударийн а, 50 шо дуьзна яло зуда лоьхучу божарийн а хаамаш.

Интернет бахаьанехь массо а пачхьалкхашкара бусулбанаш гулбелла цу сайтехь. Бу царлахь цкъа а зуда ялозаберш, марехь хилазаберш а, кIезиг бац яло шолгIа, кхоалгIа зуда лоьхурш а.

Кеп-кепара бакъонаш а, бехкамаш а бу сайтан.

Масала, магош дац вовшашка догдахар, шен доцу суьрташ хIиттор, коьртахь хьиджаб йоцуш сурт гучудаккхар. Дихкина ду маьттазчу дешнашца вовшашка къамелдар, доцург шех лаьцна Iорадаккхар, ШариIатан а, Оьрсийчоьнан а низамаш хьоьшуш дерг лело а.

Цу кепарчу сайтех тайп-тайпана ду кегийчарна хетарг.

«Магас» ник лелочу жимчу стага яздо Фейсбукехь "тахана хIуммаъ атта дац зудаберана нехан цIентIе даха. Ткъа кхоьллинчу сайто баккхий аьттонаш ло йоIана а, кIантана а вовшашна карон а, юкъаметтигаш лело а".

Ткъа дагестанхочунна хетарехь, "доьзал кхуллучу хенахь вовшийн сурт гар тоаме ца хуьлу, йовза еза амалш, хьежамаш".

Дуккха а тергалло нохчашлахь оцу керлачу доьзал кхолларан ламастца резабоцурш а.

Ткъа шовданйист, ловзарш, синкъерамаш боху цара. Дехьа юьрта белхих вахча я хьошалгIа, масане хуьлура бахьанаш йоI йовза.

Цигахь тарлуш ма ду вовшийн довза а, вовшашка догдаха а, юха дайща лелийначу гIиллакхашца доьзал кхолла а.

ХIун цаторийла я къоьлла ю-те боху цара маьршачу заманчохь кегийчарна социалан машанашкахь ирс леха.

Аьлла ма-ду дайша, "захало дийнахь чиркх латийна дан деза".

Баккхийчара ма оллу, зама телхина я адамаш шаьш. Керлачу технологин дуьнено марш батIийна, дерриг харцахьадаьккхина.

Захалодаран сайташ кхуллучура, шайн белхан мехалла эвсараяккхархьама санна боху, бусулба нахана ШариIато доьхку урамехь довзар.

БIеннашкахь бу оцу сайтех пайдаоьцу нохчий.

Социалан машанех шовданан йист хилла дIахьIоьттина. Ткъа хIун боху те Нохчийчуьрчу Iеламнаха?

Зама хийцаелла, заманца цхьана боларехь даха деза аьлла хета те?

Ιаьрбан мехкашкахь дешна, еххачу хенахь цигахь ваьхна, карарчу хенахь Теркйистерчу Ломаз-Юьртахь веха ШахIид-Хьаьжа.

Маршо Радионо цуьнга дийхира социалан машанашкахь захалонаш тийсаран мах хадор.

ШахIид-Хьаьжа ву дуьйцуш.

ШахIид-Хьаьжа:: «Суна хетарг муха ду, йоI, иза нана ма ю, иза хила езаш йолу зуда ма ю. Нохчийн йоI, бусулба йоI ма ю иза.

Ма лору ас иза! Забарна санна олуш ду кх, Иорданехь олуш хезна суна: "Аттана тIаьхьа ца уьду, етт бу докъар лохуш берг" аьлла. Суна а ишта хета кх и. ЙоI сайте а юьйлуш, лела еза аьлла ца хета суна. Шена мила ву а ца хуучу стеган суьрташка муха хьоьжур ю зуда? Мича динехь, гIиллакхехь ду иза?».

БIеннашкахь бу Никях сайтатIехь дIаязбелла, шайн ирс лоьхуш нохчийн зудабераш а, божарий а.

Делахь а кхетамехь хьаам буьсу, оцул дакъаза даьлла те дуьне-дахар?

Интернетехула, дерриг дуьненна а хазош тIедоьжна те йоIана шена цIийнда лехар, ша ара а яьлла.

Я къонахчунна ша мел вевзарг, ца вевзарг кхардавеш шена зуда леха.

Я и кеп оьздангаллин, гIиллакхан лорах ца кхеташ долу вай цхьадерш къанделла те?

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG