ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрна ду Полшин дозанехь латта


«Брестан Газето» интервью эцна кхаарийдийнахь меттигерчу бакъоларъярхочуьнгара Кисляк Романера. Цо а, цуьнан накъосташа а бинчу тидамца, 1500 сов нохчо ву Полшин дозане а лелаш, тховкIело йоьхуш.

Дозанхошка шаьш мухIажирийн дукъ стенна юьхьарлаьцна дуьйцуш даладе бахьанаш хIорш бу инах, боху Кисляка: лечкъа а беш, гергарнаш байинарш, Iедало лоьцуш, террорхошна гIодина, бохуш, баха ца буьтурш, лурбоьлларш...

Оцу нахана яц кхерамзалла я Нохчийчохь а, я ерриг Оьрсийчохь а, бакъоларъярхочо бахарехь.

МухIажирш шайн махка цабитар – иза Полшин гIалат ду, цуьнан бакъо яц, хьал дозанхойн кара а делла, цаьрга нах литтийта, муьлххарг а, цо ша азуль йоьху бахахь, чекх а ваьккхина, деанарг зуьйчу миграцин хьукмате дIавала декхаре бу дозанхой. Ткъа лелориг харцо ю, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажиршна яздинчу низамашца ца догIу, эргIадбуьйлу бакъоларъярхой.

Варшава мухIажиршца шагъялар, Беларусерчу бакъоларъярхочунна Кисляк Романна хетарехь, дозу Iедале «Бакъо а, нийсо а» олу популистийн парти кхачарца, царна тIебаьхкинарш цабезарца. Хьаькамаша, шайна Полшехь тховкIело яла ца лаахь, пачхьалкхера низам хийца деза, мухIажиралла лоьхучарна тIехь гIело а ца латтош, боху «Брестан Газетехь» Кисляка.

Дозанехь балахьоьгучу мухIажирийн къинна боьлхучийн могIарахь банне а бац даймахках, цигарчу бахархойх жоп дала тIебехкинарш. Кадыров Рамзана Брестехь Iечарех уьш емалбеш бен ца олу ша телевизионехула эриг.

Ши-кхо кIира хьалха Европе гIертачу нохчийн къадалхош, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажиршкахула йолчу комиссариате кехат дахьийтина Ичкерин Iедалан цIарах Закаев Ахьмада.

«Нах, шайн миска бахамаш дIа а бухкуш, Беларусан-Полшин дозане богIу. Берашца, беркъачу духарахь, шийла гуьйре ловш, эрна арахь сатуьйсу дозанах чекхбовлийтаре эзарнаша. ЦIахь царна дуьхьаллаьтта террор, гIело, латтош долу Iедал, ткъа Полшин дозанехь – цакхетам. Оха доьху мухIажирийн бакъонаш талхош хилар тидаме эцар», - боху Закаевс.

Кехатна дуьхьал цкъачунна жоп деллачух тера дац Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино.

Брестера схьалестачу нахе кхайкхамбеш вистхилла кхаарийдийнахь Австрехь веха жигархо, кху аьхка а, гурахь а мухIажиршна гIодоьхуш виллина хьийза Садулаев Мансур. Цо доьху махкахошка, Брестехула Полше кхачало бохучух а тешна, бале некъ юьхьара ца оьцуш, цIахь совцар.

Садулаев: «Брестера хьал хийцаделла а дац, цигара некъ биллина а бац. Тахана-кхана боьллур бу ала а дац. Эрна цига схьа ма гIертахьара шу! Шело дIаяллалц мукъа а собар де, оцу юкъанна хьал хийцадала а тарло!»

Тергамбечарна бIаьраетталуш башхалла а ю Брестехула кху муьрехь Европе гIертачу нохчашца. Шераш хьалха тховкIело йоьхучу наха далхадора тIамо я цунах бухайисинчу къизалло шаьш лаьхкина хилар. Таханлерчу мухIажирашлахь цхьа дакъа бен дац и тайпа къизалла Полшерчу миграцин хьукмате елхош. Доккхахчу декъо дуьйцу шегарчу къоьллах, болх-некъ ца карош хьоьгучу къинах лоций. Амма политикан бахьанаш бен дац мухIажирна Европерчу мехкашкахь сацо некъ луш.

Садулаевс Европехьа, аьлча а, Полшин дозане цагIертар доьхуш дина дIахьедар, ала деза, шен хенна дина а, новкъабуьйлучу мисканех къахеташ дина а ду. Некъ дагабоьхначарна синтем кхачош дацахь а, вуно яккхий халонаш ша хьега а, шен доьзале хьегийта а араволуш ву, Шегенан виза а йоцуш, Полшехула Европе кхача леринарг.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG