- Ас шуьга моссаза аьлла нохчийн мотт бийца! – тIечевха сарахь жуларахь ловзучу берашна да я нана. Бераш тап-олий дIатоь, дIалекъа пхеа минотна церан немцойн я норвегийн, францойн я ингалса мотт, амма кхин мотт банне а бацарна, меллаша дIаболабо шайна юкъахь хууш бен а боцург юха а.
Дега я нене хотту ахь, «сан ваша (йиша), ахь мел хан йойъу кIиранах хьайн берашна нохчийн мотт Iамош?». Гучудолу и ша дан дезийла дас-нанас кхета а ца дойла. Амма бер бехкедо къоман мотт цахаарна.
ХIун дан догIу Европехь, я кхечу дуьненан маьIIехь дехачу дас-нанас шен берашлахь ненан мотт бисийта?
Оцу проблеми тIехь иттех шо ду Францерчу Чермыханова Азас къахьоьгу. Керлачу меттехь болх дIакхехьархьама университет а яьккхина Азас.
Чермыхановас санна, меттан бала а кхаьчна, болх когахIотто гIерташ Европан малхбалехь а, малхбузехь а, къилбаседанерчу Скандинавехь а бу нохчийн меттан говзанчаш. Амма ца бо и болх юкъарлонца, яц цхьа методика, дац вовшашца гергарло.
ХIун дан деза-те хьал хийца, ерриг а Европехь цхьа кеп а яржийна, меттан охIланаша юкъахь и болх бича? Оцу хьокъехь хилира Маршо Радион Чермыханова Азица къамел.
Чермыханова: "Кегийн берийн уггар хIума хоьтту хан ю, цуьнан хьекъал дузу хан, ахь мел аьлларг а дIалоцу хан. Оцу хенахь ца Iамийнарг я Iемар а доцуш. Беро дIаIалашдо шена Iамийнарг, цкъа мацца а иза гучу а долу. Мотт кIорга хаа ца оьшу юьхьанца, амма шенначул хаа беза.
Маситта тайпа методикаш ю Европехь. Царех магош ерг, дешаран системо къобалйийриг, юьхьар а эцна, вайн массо а бераш дехачу мехкашкахь яржо еза.
Иштта, цIера "СтелаIад" а тергоне эца деза, кхуза а кхачо деза и журнал. Цу тIера муьлхха а туьйра, дийцар ду берашна пайде а, кхузахь вуно оьшуш а. Дена-нанна хьехархо хила а ца оьшу, схьа а эцна, берана дешчхьана.
Сарахь, Iуьйранна шен берана итт-пхийтта минотехь мукъане а Iамо деза дешнаш. Иза а деш дацахь, кхане янне а яц берийн, нохчаллехь яц-кх кхане.
Хала дац юкъара методика кхолла а, иза ерриг а Европехь яржо а. Оьшург лаам бу, вайн, дай-нанойн лаам".
Германехь, Австрехь, Голландехь, Полшехь, Чехехь, оццу Францехь, Скандинавин мехкашкахь, Финляндехь, Ингалсехь бу, хьал гIийла делахь а, берашна нохчийн мотт Iаморхьама болийна белхаш. Амма ледара ду болар.
Уггаре а эшнарг ду нохчийн мотт экономикан мотт, чуо кхобу мотт бацаре терра, ца хилча йиш яц аьлла хетачо бен шен беранна ненан мотт Iамош бацар. Чермыханова Азас догдоху ша болийна некъ массо а нохчийн диаспоршкахь баржаре а, шена ша санна меттан патриоташ, дахарехь жигархой кароре.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832